Сурат 12 Юсуф, аят 7 – 20
-
لَقَدْ كَانَ فِي يُوسُفَ وَإِخْوَتِهِ آيَاتٌ لِلسَّائِلِينَ
Юсуфехь а‚ цуьнан вежаршкахь а делилаш ма хилира хоттучарна
12:7 -
إِذْ قَالُوا لَيُوسُفُ وَأَخُوهُ أَحَبُّ إِلَىٰ أَبِينَا مِنَّا وَنَحْنُ عُصْبَةٌ إِنَّ أَبَانَا لَفِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
Цара ма элира: 'Юсуф а‚ цуьнан ваша а дукхабеза вайн дена вайл‚ ткъа вай цхьа тоба ма юй‚ баккъалла а, и вайн да билггалчу тилар чохь ву-кх
12:8 -
اقْتُلُوا يُوسُفَ أَوِ اطْرَحُوهُ أَرْضًا يَخْلُ لَكُمْ وَجْهُ أَبِيكُمْ وَتَكُونُوا مِنْ بَعْدِهِ قَوْمًا صَالِحِينَ
Вē Юсуф я /кхечу/ махка дӀакхосса – шун ден юьхь шуна тӀейоьрзур ю‚ цул тӀаьхьа дика къам хир шу (тōба дийр ду аш-тӀаккха гечдийр ду шуна Дала')
12:9 -
قَالَ قَائِلٌ مِنْهُمْ لَا تَقْتُلُوا يُوسُفَ وَأَلْقُوهُ فِي غَيَابَتِ الْجُبِّ يَلْتَقِطْهُ بَعْضُ السَّيَّارَةِ إِنْ كُنْتُمْ فَاعِلِينَ
Царах олучо элира: 'Ма вē Юсуф‚ гӀу чу кхосса и – дӀабоьлхуш болчарах цхьаболчара схьавоккхур ву‚ шаьш деш хиллехь' /и гӀуллакх де/
12:10 -
قَالُوا يَا أَبَانَا مَا لَكَ لَا تَأْمَنَّا عَلَىٰ يُوسُفَ وَإِنَّا لَهُ لَنَاصِحُونَ
Цара элира: 'ХӀай тхан да! Ахь хӀунда ца вуьту Юсуф тхох тешна‚ тхо цунна хьехамчаш ма дуй!
12:11 -
أَرْسِلْهُ مَعَنَا غَدًا يَرْتَعْ وَيَلْعَبْ وَإِنَّا لَهُ لَحَافِظُونَ
Ваийтахь и тхоьца кхана – самукъадоккхур шена‚ ловзур шена‚ оха и Ӏалашвийр ма ву'
12:12 -
قَالَ إِنِّي لَيَحْزُنُنِي أَنْ تَذْهَبُوا بِهِ وَأَخَافُ أَنْ يَأْكُلَهُ الذِّئْبُ وَأَنْتُمْ عَنْهُ غَافِلُونَ
Цо (ЯӀкъуба) элира: 'Сан сагатлур ма ду аш и двигча‚ со кхоьру и барзо ваарна, аш цуьнан терго а ца еш'
12:13 -
قَالُوا لَئِنْ أَكَلَهُ الذِّئْبُ وَنَحْنُ عُصْبَةٌ إِنَّا إِذًا لَخَاسِرُونَ
Цара элира: 'И барзо ваахь – тхо цхьа тоба ма юй‚ тӀаккха тхо, баккъалла а, эшнарш хир ма дара'
12:14 -
فَلَمَّا ذَهَبُوا بِهِ وَأَجْمَعُوا أَنْ يَجْعَلُوهُ فِي غَيَابَتِ الْجُبِّ ۚ وَأَوْحَيْنَا إِلَيْهِ لَتُنَبِّئَنَّهُمْ بِأَمْرِهِمْ هَٰذَا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
ТӀаккха цара и двигча‚ церан барт хилира и гӀу чу кхосса. Оха хаийтира цуьнга (Юсуфе) ваьхьица: ахь дуьйцур ма ду цаьрга и цара динарг, царна и дагахь а доцуш
12:15 -
وَجَاءُوا أَبَاهُمْ عِشَاءً يَبْكُونَ
Уьш баьхкира шайн да волчу сарахь, белха а боьлхуш
12:16 -
قَالُوا يَا أَبَانَا إِنَّا ذَهَبْنَا نَسْتَبِقُ وَتَرَكْنَا يُوسُفَ عِنْدَ مَتَاعِنَا فَأَكَلَهُ الذِّئْبُ ۖ وَمَا أَنْتَ بِمُؤْمِنٍ لَنَا وَلَوْ كُنَّا صَادِقِينَ
Элира: 'Хй тхан да! Тхо дахара /довдарехь я Ӏад кхоссарехь/ къийса а луш, Юсуф тхешан хӀуманашна уллохь витира оха‚ тӀаккха и барзо виира. Хьо тхох тешар волуш вац, тхо бакълуьйш хиллехь а'
12:17 -
وَجَاءُوا عَلَىٰ قَمِيصِهِ بِدَمٍ كَذِبٍ ۚ قَالَ بَلْ سَوَّلَتْ لَكُمْ أَنْفُسُكُمْ أَمْرًا ۖ فَصَبْرٌ جَمِيلٌ ۖ وَاللَّهُ الْمُسْتَعَانُ عَلَىٰ مَا تَصِفُونَ
Уьш баьхкира цуьнан (Юсуфан) куча тӀехь харц цӀий долуш. Цо (ЯӀкъуба) элира: 'Шайн синоша цхьа вониг хаздина шуна. Собар ду-кх хаза дерг. Дела ву-кх Шега гӀо дēха хьакъ верг /кху/ аш хӀотточу сурта тӀехь'
12:18 -
وَجَاءَتْ سَيَّارَةٌ فَأَرْسَلُوا وَارِدَهُمْ فَأَدْلَىٰ دَلْوَهُ ۖ قَالَ يَا بُشْرَىٰ هَٰذَا غُلَامٌ ۚ وَأَسَرُّوهُ بِضَاعَةً ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِمَا يَعْمَلُونَ
Цхьа лелаш йолу тоба еара‚ цара вахийтира шайн хи кхоьхьуш верг‚ цо шен ведар охьадахийтира- элира: 'Кхаъ бу! ХӀара кӀант ву!' Цара (Юсуфан вежарша) хьулдира и (Юсуфан гӀуллакх – и шайн ведда лай ву аьлла), цунах йохка-эцаран хӀума а йина. Дела хууш верг ма ву цара лелош дерг
12:19 -
وَشَرَوْهُ بِثَمَنٍ بَخْسٍ دَرَاهِمَ مَعْدُودَةٍ وَكَانُوا فِيهِ مِنَ الزَّاهِدِينَ
Цара (вежарша) воьхкира и кӀеззигчу мехах – цхьа массийта дирхӀамах. Цунах уьш хилира кӀеззиг хӀуманах тоам бечарах
12:20
Гочдар: Магомед Магомедов