Сурат 12 Юсуф, аят 80 – 93

  1. فَلَمَّا اسْتَيْأَسُوا مِنْهُ خَلَصُوا نَجِيًّا ۖ قَالَ كَبِيرُهُمْ أَلَمْ تَعْلَمُوا أَنَّ أَبَاكُمْ قَدْ أَخَذَ عَلَيْكُمْ مَوْثِقًا مِنَ اللَّهِ وَمِنْ قَبْلُ مَا فَرَّطْتُمْ فِي يُوسُفَ ۖ فَلَنْ أَبْرَحَ الْأَرْضَ حَتَّىٰ يَأْذَنَ لِي أَبِي أَوْ يَحْكُمَ اللَّهُ لِي ۖ وَهُوَ خَيْرُ الْحَاكِمِينَ

    Шаьш цунах дог диллича‚ вовшашца дагабуьйлуш шаьш бисира уьш. Царах воккхачо элира: 'Шуна хаьий шайн дас шайга Делаца чг яйтина хилар‚ аш хьалха Юсуфан хьокъехь ледарло ялийтира. Со хӀокху лаьттара (махкара) дӀагр вац сан дас суна пурба лахь бен‚ я Дала суна хьукма дахь бен. Иза хьукма дечарах диканиг ву

    12:80
  2. ارْجِعُوا إِلَىٰ أَبِيكُمْ فَقُولُوا يَا أَبَانَا إِنَّ ابْنَكَ سَرَقَ وَمَا شَهِدْنَا إِلَّا بِمَا عَلِمْنَا وَمَا كُنَّا لِلْغَيْبِ حَافِظِينَ

    Шу юхадерза шайн дена тӀе‚ аш āла: 'Дада! Хьан кӀанта къола дина‚ Оха тешалла дина ма дац тхайна хууш хиллачух бен‚ тхо ца хилла къайлах дерг лашдеш а (тхуна ца хаьа къайлах дерг)

    12:81
  3. وَاسْأَلِ الْقَرْيَةَ الَّتِي كُنَّا فِيهَا وَالْعِيرَ الَّتِي أَقْبَلْنَا فِيهَا ۖ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ

    Хатта хьайна тхо хиллачу юрте а‚ тхо шеца даьхкинчу ковре а. Баккъалла а, тхо бакълуьйш дерш ма ду-кх'

    12:82
  4. قَالَ بَلْ سَوَّلَتْ لَكُمْ أَنْفُسُكُمْ أَمْرًا ۖ فَصَبْرٌ جَمِيلٌ ۖ عَسَى اللَّهُ أَنْ يَأْتِيَنِي بِهِمْ جَمِيعًا ۚ إِنَّهُ هُوَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ

    Цо (ЯӀкъуба) элира: 'ХӀаъ! Шун синоша цхьа гӀуллакх хаздира шуна. Собар ду-кх /суна/ тх дика. Дала уьш берриге а схьабало мега суна. Баккъалла а, Иза – хууш верг а ву‚ хьукма /нийса / деш верг а ву-кх'

    12:83
  5. وَتَوَلَّىٰ عَنْهُمْ وَقَالَ يَا أَسَفَىٰ عَلَىٰ يُوسُفَ وَابْيَضَّتْ عَيْنَاهُ مِنَ الْحُزْنِ فَهُوَ كَظِيمٌ

    Царах дӀавирзира иза‚ элира: 'Ма лазам бу-кх соьгахь Йусуф бахьанехь'. Сингаттамна кӀайбелира цуьнан бьргаш. И сатухуш вара

    12:84
  6. قَالُوا تَاللَّهِ تَفْتَأُ تَذْكُرُ يُوسُفَ حَتَّىٰ تَكُونَ حَرَضًا أَوْ تَكُونَ مِنَ الْهَالِكِينَ

    Цара (ЯӀкъубан гонахь болчара) элира: 'ВаллахӀи‚ Юсуф вуьйцучура хьо соцур ма вац хьуо цомгуш хиллалц я хӀаллакхиллалц'

    12:85
  7. قَالَ إِنَّمَا أَشْكُو بَثِّي وَحُزْنِي إِلَى اللَّهِ وَأَعْلَمُ مِنَ اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ

    Цо (Яъуба) элира: 'Ас Деле балхабо сайн бāла а‚ сайн гӀайгӀа а‚ со хаьа Делера шуна цахуург а

    12:86
  8. يَا بَنِيَّ اذْهَبُوا فَتَحَسَّسُوا مِنْ يُوسُفَ وَأَخِيهِ وَلَا تَيْأَسُوا مِنْ رَوْحِ اللَّهِ ۖ إِنَّهُ لَا يَيْأَسُ مِنْ رَوْحِ اللَّهِ إِلَّا الْقَوْمُ الْكَافِرُونَ

    ХӀай сан кӀентий! ГӀо‚ ткхиалаш Юсуфах а, цуьнан вешех а /хиллачунна /. Делан къинхетамах дог ма диллалаш. Делан къинхетамах дог дуьллур ма дац /Делах/ цатешачу къомо а бен'

    12:87
  9. فَلَمَّا دَخَلُوا عَلَيْهِ قَالُوا يَا أَيُّهَا الْعَزِيزُ مَسَّنَا وَأَهْلَنَا الضُّرُّ وَجِئْنَا بِبِضَاعَةٍ مُزْجَاةٍ فَأَوْفِ لَنَا الْكَيْلَ وَتَصَدَّقْ عَلَيْنَا ۖ إِنَّ اللَّهَ يَجْزِي الْمُتَصَدِّقِينَ

    Шаьш и (Юсуф) волчу баьхкича‚ цара элира: 'ХӀай веза эла! Тхо а‚ тхан /цӀийнан/ охӀла а гйгно лаьцна. Тхо даьхкина цхьа кӀезг-мезг /йохка/ хӀуманаш йохьуш – кхачам боллуш барам лохьа тхуна‚ сагӀа а лохьа тхуна. Дала ял лур ма ю сагӀа лучарна'

    12:88
  10. قَالَ هَلْ عَلِمْتُمْ مَا فَعَلْتُمْ بِيُوسُفَ وَأَخِيهِ إِذْ أَنْتُمْ جَاهِلُونَ

    Цо (Юсуфа) элира: 'Шуна хиъний‚ шаьш хӀун дира Юсуфана а‚ цуьнан вешина а‚ шаьш жехӀал долуш?'

    12:89
  11. قَالُوا أَإِنَّكَ لَأَنْتَ يُوسُفُ ۖ قَالَ أَنَا يُوسُفُ وَهَٰذَا أَخِي ۖ قَدْ مَنَّ اللَّهُ عَلَيْنَا ۖ إِنَّهُ مَنْ يَتَّقِ وَيَصْبِرْ فَإِنَّ اللَّهَ لَا يُضِيعُ أَجْرَ الْمُحْسِنِينَ

    Цара элира: 'Баккъалла а, хьо вуй Юсуф?!'. Цо элира: 'Со Юсуф а ву, хӀара сан ваша а ву. Дала къинхетам бина тхох. Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш верг а‚ собар деш верг а /декъал ву-кх/. Баккъалла а, Дала ца эшайо дикачеран ял'

    12:90
  12. قَالُوا تَاللَّهِ لَقَدْ آثَرَكَ اللَّهُ عَلَيْنَا وَإِنْ كُنَّا لَخَاطِئِينَ

    Цара элира: 'ВаллахӀи‚ Дала тхол вазвина хьо‚ тхо хилла-кх гӀалатдевлларш!'

    12:91
  13. قَالَ لَا تَثْرِيبَ عَلَيْكُمُ الْيَوْمَ ۖ يَغْفِرُ اللَّهُ لَكُمْ ۖ وَهُوَ أَرْحَمُ الرَّاحِمِينَ

    Цо элира: 'Бехк ца боккху шуьга тахана. Дала гечдийр ду шуна. Иза уггаре къинхетаме верг ма ву

    12:92
  14. اذْهَبُوا بِقَمِيصِي هَٰذَا فَأَلْقُوهُ عَلَىٰ وَجْهِ أَبِي يَأْتِ بَصِيرًا وَأْتُونِي بِأَهْلِكُمْ أَجْمَعِينَ

    Дуьло‚ дг хӀара сан коч а эций, сан ден юьхь т таса и – бӀаьрса юхадогӀур ду цуьнан. Берриге шайн доьзал балош, суна тӀе дуьйла'

    12:93

Гочдар: Магомед Магомедов