Сурат 12 Юсуф, аят 93 – 100
-
اذْهَبُوا بِقَمِيصِي هَٰذَا فَأَلْقُوهُ عَلَىٰ وَجْهِ أَبِي يَأْتِ بَصِيرًا وَأْتُونِي بِأَهْلِكُمْ أَجْمَعِينَ
Дуьло‚ дг хӀара сан коч а эций, сан ден юьхь т таса и – бӀаьрса юхадогӀур ду цуьнан. Берриге шайн доьзал балош, суна тӀе дуьйла'
12:93 -
وَلَمَّا فَصَلَتِ الْعِيرُ قَالَ أَبُوهُمْ إِنِّي لَأَجِدُ رِيحَ يُوسُفَ ۖ لَوْلَا أَنْ تُفَنِّدُونِ
Ковра (къепал) араяьлча‚ церан дас (ЯӀкъуба) элира: 'Баккъалла а, Юсуфан хьожа йогӀуш ву-кх со‚ аш со Ӏовдал ма ларахьара'
12:94 -
قَالُوا تَاللَّهِ إِنَّكَ لَفِي ضَلَالِكَ الْقَدِيمِ
Цара элира: 'ВаллахӀи‚ хьайн хьалхалерчу тилар чохь ву-кх хьо!'
12:95 -
فَلَمَّا أَنْ جَاءَ الْبَشِيرُ أَلْقَاهُ عَلَىٰ وَجْهِهِ فَارْتَدَّ بَصِيرًا ۖ قَالَ أَلَمْ أَقُلْ لَكُمْ إِنِّي أَعْلَمُ مِنَ اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Кхаъ боккхург веъча, цо и (Юсуфан коч) тесира цуьнан (ЯӀкъубан) юьхь т – цуьнан бӀаьрса юхадеара‚ цо элира: 'Ас ца аьллера шуьга: суна Делера шуна цахуург а хаьа'
12:96 -
قَالُوا يَا أَبَانَا اسْتَغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا إِنَّا كُنَّا خَاطِئِينَ
Цара элира: 'Тхан да! Тхан къиношна (Деле) гечдар дехахьа тхуна‚ тхо хилла-кх гӀалатдевлла'
12:97 -
قَالَ سَوْفَ أَسْتَغْفِرُ لَكُمْ رَبِّي ۖ إِنَّهُ هُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ
Цо элира: 'ТӀаьхьа доьхур ду ас сан Кхиош-Кхобучуьнга шуна гечдар. Баккъалла а, Иза – гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву'
12:98 -
فَلَمَّا دَخَلُوا عَلَىٰ يُوسُفَ آوَىٰ إِلَيْهِ أَبَوَيْهِ وَقَالَ ادْخُلُوا مِصْرَ إِنْ شَاءَ اللَّهُ آمِنِينَ
Уьш Юсуф волчу чубаьхкича‚ шен да-нана марадоьллира цо‚ элира: 'Чоьхьа довла Мисра‚ Дала мукъалахь‚ маьрша (цхьа а кхерам а боцуш)!'
12:99 -
وَرَفَعَ أَبَوَيْهِ عَلَى الْعَرْشِ وَخَرُّوا لَهُ سُجَّدًا ۖ وَقَالَ يَا أَبَتِ هَٰذَا تَأْوِيلُ رُؤْيَايَ مِنْ قَبْلُ قَدْ جَعَلَهَا رَبِّي حَقًّا ۖ وَقَدْ أَحْسَنَ بِي إِذْ أَخْرَجَنِي مِنَ السِّجْنِ وَجَاءَ بِكُمْ مِنَ الْبَدْوِ مِنْ بَعْدِ أَنْ نَزَغَ الشَّيْطَانُ بَيْنِي وَبَيْنَ إِخْوَتِي ۚ إِنَّ رَبِّي لَطِيفٌ لِمَا يَشَاءُ ۚ إِنَّهُ هُوَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ
Шен да-нана паччахьан гнта т /шена улло/ хьалабехира цо‚ уьш цунна /сий деш/ сужуде бахара. Цо элира: 'Дада‚ хӀара ду-кх суна хьалха гинчун (гнан) тидар‚ сан Кхиош-кхобучо бакъдина иза‚ соьца дика хили Иза– со араваьккхи набахти чуьра‚ шу схьадалийна гӀум-арара шайтӀано суна а, сан вежаршна а юкъа дов тесначул тӀаьхьа. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург тӀех тӀекаре ву-кх Шена луучуьнца. Иза хууш верг а ву‚ хьукма /нийса / деш верг а ву
12:100
Гочдар: Магомед Магомедов