Сурат 12 Юсуф, аят 93 – 97
-
اذْهَبُوا بِقَمِيصِي هَٰذَا فَأَلْقُوهُ عَلَىٰ وَجْهِ أَبِي يَأْتِ بَصِيرًا وَأْتُونِي بِأَهْلِكُمْ أَجْمَعِينَ
Дуьло‚ дг хIара сан коч а эций, сан ден юьхь т таса и – бIаьрса юхадогIур ду цуьнан. Берриге шайн доьзал балош, суна тIе дуьйла'
12:93 -
وَلَمَّا فَصَلَتِ الْعِيرُ قَالَ أَبُوهُمْ إِنِّي لَأَجِدُ رِيحَ يُوسُفَ ۖ لَوْلَا أَنْ تُفَنِّدُونِ
Ковра (къепал) араяьлча‚ церан дас (ЯIкъуба) элира: 'Баккъалла а, Юсуфан хьожа йогIуш ву-кх со‚ аш со Iовдал ма ларахьара'
12:94 -
قَالُوا تَاللَّهِ إِنَّكَ لَفِي ضَلَالِكَ الْقَدِيمِ
Цара элира: 'ВаллахIи‚ хьайн хьалхалерчу тилар чохь ву-кх хьо!'
12:95 -
فَلَمَّا أَنْ جَاءَ الْبَشِيرُ أَلْقَاهُ عَلَىٰ وَجْهِهِ فَارْتَدَّ بَصِيرًا ۖ قَالَ أَلَمْ أَقُلْ لَكُمْ إِنِّي أَعْلَمُ مِنَ اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Кхаъ боккхург веъча, цо и (Юсуфан коч) тесира цуьнан (ЯIкъубан) юьхь т – цуьнан бIаьрса юхадеара‚ цо элира: 'Ас ца аьллера шуьга: суна Делера шуна цахуург а хаьа'
12:96 -
قَالُوا يَا أَبَانَا اسْتَغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا إِنَّا كُنَّا خَاطِئِينَ
Цара элира: 'Тхан да! Тхан къиношна (Деле) гечдар дехахьа тхуна‚ тхо хилла-кх гIалатдевлла'
12:97
Гочдар: Магомед Магомедов