Сурат 13 Ар-раӀд (Стигал къовкъар), аят 1 – 7
-
المر ۚ تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ ۗ وَالَّذِي أُنْزِلَ إِلَيْكَ مِنْ رَبِّكَ الْحَقُّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يُؤْمِنُونَ
Алиф-лам-мим-ра. ХӀорш жайнин аяташ ду. Хьоьга хьан Кхиош-Кхобучуьнгара доссинарг – бакъдерг ду‚ делахь а, дукхахболу нах ца теша
13:1 -
اللَّهُ الَّذِي رَفَعَ السَّمَاوَاتِ بِغَيْرِ عَمَدٍ تَرَوْنَهَا ۖ ثُمَّ اسْتَوَىٰ عَلَى الْعَرْشِ ۖ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ ۖ كُلٌّ يَجْرِي لِأَجَلٍ مُسَمًّى ۚ يُدَبِّرُ الْأَمْرَ يُفَصِّلُ الْآيَاتِ لَعَلَّكُمْ بِلِقَاءِ رَبِّكُمْ تُوقِنُونَ
Дела ву ша стигланаш аййинарг шуна гуш гртораш а йоцуш‚ тӀаккха ша дӀанисвелла Иза Ӏарша тӀехь. Малх а‚ бутт а муьтӀахь бина Цо /Шен лен гллакхашна/ – дерриге дӀасалела /шен/ тоьхначу хене. ГӀуллакхна урхалла до Цо‚ аяташ билгалдоху Цо. Шу шайн Кхиош-Кхобучунна дуьхьалкхетарх /доггах/ теша мегар-кха
13:2 -
وَهُوَ الَّذِي مَدَّ الْأَرْضَ وَجَعَلَ فِيهَا رَوَاسِيَ وَأَنْهَارًا ۖ وَمِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ جَعَلَ فِيهَا زَوْجَيْنِ اثْنَيْنِ ۖ يُغْشِي اللَّيْلَ النَّهَارَ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
Иза ву латта даржийнарг‚ цу тӀехь лаьмнаш а‚ хиш а хилийтинарг‚ массо а стоьмех цунна (лаьтта) тӀехь Цо хилийтина шишша тайпа. Буьйсане де хьулдойту Цо. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду ойла ечу нахана
13:3 -
وَفِي الْأَرْضِ قِطَعٌ مُتَجَاوِرَاتٌ وَجَنَّاتٌ مِنْ أَعْنَابٍ وَزَرْعٌ وَنَخِيلٌ صِنْوَانٌ وَغَيْرُ صِنْوَانٍ يُسْقَىٰ بِمَاءٍ وَاحِدٍ وَنُفَضِّلُ بَعْضَهَا عَلَىٰ بَعْضٍ فِي الْأُكُلِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
Лаьттахь ул-уллохь дакъош ду‚ кемсийн бошмаш ю‚ ялта ду‚ хурманаш ю цхьана ораман а‚ цхьана ораман йоцурш а‚ цхьа хи ду царна дуьллуш дерг. Царах цхьаерш вукхарал язъйина Оха яарехь. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх хьекъал долчу нахана
13:4 -
وَإِنْ تَعْجَبْ فَعَجَبٌ قَوْلُهُمْ أَإِذَا كُنَّا تُرَابًا أَإِنَّا لَفِي خَلْقٍ جَدِيدٍ ۗ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ كَفَرُوا بِرَبِّهِمْ ۖ وَأُولَٰئِكَ الْأَغْلَالُ فِي أَعْنَاقِهِمْ ۖ وَأُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Хьо цецвалахь‚ цецвоккхуш ду церан дешнаш: 'Тхох латта хилча, керлачу кхолларна чохь хир ду тхо (юха а денлур ду тхо)?' Уьш бу шайн Кхиош-Кхобучунна керстаналла динарш‚ церан логех /тесна къематдийнахь/ гьмаш (буржалш) хир ду‚ уьш /жоьжахатин/ цӀеран дай бу‚ цу чохь уьш гуттар лаьттар бу
13:5 -
وَيَسْتَعْجِلُونَكَ بِالسَّيِّئَةِ قَبْلَ الْحَسَنَةِ وَقَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهِمُ الْمَثُلَاتُ ۗ وَإِنَّ رَبَّكَ لَذُو مَغْفِرَةٍ لِلنَّاسِ عَلَىٰ ظُلْمِهِمْ ۖ وَإِنَّ رَبَّكَ لَشَدِيدُ الْعِقَابِ
Хьо сихвеш ву цара вочуьнца дикачул хьалха. Царал хьалха а дӀадахна масале таӀзарш. Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург Шегахь нахана гечдар долуш ву, церан зуламашка а ца хьоьжуш. Баккъалла а‚ хьан Кхиош-Кхобург чӀогӀаниг а ву бекхамца
13:6 -
وَيَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْهِ آيَةٌ مِنْ رَبِّهِ ۗ إِنَّمَا أَنْتَ مُنْذِرٌ ۖ وَلِكُلِّ قَوْمٍ هَادٍ
Цатешачара олу: 'Шен Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа делил доссийнехьара цуьнга!' Хьо дӀахоуьйтург ву. ХӀор къоман хьехамхо ву
13:7
Гочдар: Магомед Магомедов