Сурат 13 Ар-раӀд (Стигал къовкъар), аят 20 – 23

  1. الَّذِينَ يُوفُونَ بِعَهْدِ اللَّهِ وَلَا يَنْقُضُونَ الْمِيثَاقَ

    Шаьш кхочушъеш болчара Делан ваӀда‚ ца бохош болчара барт‚

    13:20
  2. وَالَّذِينَ يَصِلُونَ مَا أَمَرَ اللَّهُ بِهِ أَنْ يُوصَلَ وَيَخْشَوْنَ رَبَّهُمْ وَيَخَافُونَ سُوءَ الْحِسَابِ

    Шаьш вовшахтосуш болчара Дала вовшахтаса аьлла омра динарг а‚ шайн Делах кхоьручара а‚ вочу хьесапах ларлучара а

    13:21
  3. وَالَّذِينَ صَبَرُوا ابْتِغَاءَ وَجْهِ رَبِّهِمْ وَأَقَامُوا الصَّلَاةَ وَأَنْفَقُوا مِمَّا رَزَقْنَاهُمْ سِرًّا وَعَلَانِيَةً وَيَدْرَءُونَ بِالْحَسَنَةِ السَّيِّئَةَ أُولَٰئِكَ لَهُمْ عُقْبَى الدَّارِ

    Шаьш собар диначара а шайн Кхиош-кхобучун юьхь езаш‚ ламаз хӀоттийначара а‚ Оха шайна деллачу рицкъах а къайлаха а‚ гучахь а харж йиначара‚ шаьш вониг дикачуьнца духатухуш болчара а‚– царна ю-кх дахаран тӀаьхье -

    13:22
  4. جَنَّاتُ عَدْنٍ يَدْخُلُونَهَا وَمَنْ صَلَحَ مِنْ آبَائِهِمْ وَأَزْوَاجِهِمْ وَذُرِّيَّاتِهِمْ ۖ وَالْمَلَائِكَةُ يَدْخُلُونَ عَلَيْهِمْ مِنْ كُلِّ بَابٍ

    Ӏаднан бошмаш. Царна чугӀур бу уьш а‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьрриетах а дика Ӏамал мел йинарг а. Маликаш тӀедогӀур ду царна массо а неӀарехула /олуш/:

    13:23

Гочдар: Магомед Магомедов