Сурат 13 Ар-раӀд (Стигал къовкъар), аят 27 – 31

  1. وَيَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْلَا أُنْزِلَ عَلَيْهِ آيَةٌ مِنْ رَبِّهِ ۗ قُلْ إِنَّ اللَّهَ يُضِلُّ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي إِلَيْهِ مَنْ أَنَابَ

    Цатешначара олу: 'Цуьнга (Мухьаммаде) доссийна хиллехьара шен Кхиош-Кхобучуьнгара цхьа делил'. Ахь āла: 'Баккъалла а, Дала тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена тӀе ша вирзинарг

    13:27
  2. الَّذِينَ آمَنُوا وَتَطْمَئِنُّ قُلُوبُهُمْ بِذِكْرِ اللَّهِ ۗ أَلَا بِذِكْرِ اللَّهِ تَطْمَئِنُّ الْقُلُوبُ

    Ийман диллинарш а‚ шайн дегнашна Дела хьехаварца синтем хилларш а /нисбо Дала нийсачу новкъа/‚ ткъа Дела хьехаварца ца хуьлу дегнашна синтем?

    13:28
  3. الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ طُوبَىٰ لَهُمْ وَحُسْنُ مَآبٍ

    Ийман диллинчарна‚ дика Ӏамалш йинчарна – зовкх хьегар а ду‚ хаза чугӀойла а ю'

    13:29
  4. كَذَٰلِكَ أَرْسَلْنَاكَ فِي أُمَّةٍ قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلِهَا أُمَمٌ لِتَتْلُوَ عَلَيْهِمُ الَّذِي أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ وَهُمْ يَكْفُرُونَ بِالرَّحْمَٰنِ ۚ قُلْ هُوَ رَبِّي لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَإِلَيْهِ مَتَابِ

    Иштта вахийтира Оха хьо умматна юккъе – цул хьалха а дӀадахара умматаш – ахь царна дешархьама Оха хьайга ваьхьица делларг, уьш Къинхетам болчунна керстаналла деш а болуш. Ахь āла: 'Иза сан Кхиош-Кхобург ву‚ И воцург кхин дела вац‚ Цунна тӀетевжина со‚ Цуьнга ду сан тōба дар'

    13:30
  5. وَلَوْ أَنَّ قُرْآنًا سُيِّرَتْ بِهِ الْجِبَالُ أَوْ قُطِّعَتْ بِهِ الْأَرْضُ أَوْ كُلِّمَ بِهِ الْمَوْتَىٰ ۗ بَلْ لِلَّهِ الْأَمْرُ جَمِيعًا ۗ أَفَلَمْ يَيْأَسِ الَّذِينَ آمَنُوا أَنْ لَوْ يَشَاءُ اللَّهُ لَهَدَى النَّاسَ جَمِيعًا ۗ وَلَا يَزَالُ الَّذِينَ كَفَرُوا تُصِيبُهُمْ بِمَا صَنَعُوا قَارِعَةٌ أَوْ تَحُلُّ قَرِيبًا مِنْ دَارِهِمْ حَتَّىٰ يَأْتِيَ وَعْدُ اللَّهِ ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُخْلِفُ الْمِيعَادَ

    Къуръанца лаьмнаш леллехьара‚ я латта хедийнехьара‚ я цуьнца белларш бистхиллехьара /иза Делан омра хир дара – тӀаккха а ийман дуьллур дацара цара/. ХӀаъ. Делан ду-кх гӀуллакх дерриге а. Ткъа ийман диллинчарна (хнца а) ца хаьа‚ Далла лаахьара, нах берриге а Цо нисбина хирг хилар? Цатешачара шаьш динарг бахьанехь царна т ца буссуш ца соцу бāла‚ я церан цӀийнан уллохь /буссу/ и Делан ваӀда яллалц. Баккъалла а, Дала ца йохайо /Шен/ ваӀда

    13:31

Гочдар: Магомед Магомедов