Сурат 13 Ар-раӀд (Стигал къовкъар), аят 32 – 37

  1. وَلَقَدِ اسْتُهْزِئَ بِرُسُلٍ مِنْ قَبْلِكَ فَأَمْلَيْتُ لِلَّذِينَ كَفَرُوا ثُمَّ أَخَذْتُهُمْ ۖ فَكَيْفَ كَانَ عِقَابِ

    Хьол хьалха а сийсазбина элчанаш‚ Ас хан елла битира цатешарш‚ тӀаккха Ас /Ӏазапца/ схьалецира уьш. Муха хилира Сан таӀзар?!

    13:32
  2. أَفَمَنْ هُوَ قَائِمٌ عَلَىٰ كُلِّ نَفْسٍ بِمَا كَسَبَتْ ۗ وَجَعَلُوا لِلَّهِ شُرَكَاءَ قُلْ سَمُّوهُمْ ۚ أَمْ تُنَبِّئُونَهُ بِمَا لَا يَعْلَمُ فِي الْأَرْضِ أَمْ بِظَاهِرٍ مِنَ الْقَوْلِ ۗ بَلْ زُيِّنَ لِلَّذِينَ كَفَرُوا مَكْرُهُمْ وَصُدُّوا عَنِ السَّبِيلِ ۗ وَمَنْ يُضْلِلِ اللَّهُ فَمَا لَهُ مِنْ هَادٍ

    Ткъа И Ша хӀор синна цо шена карадинчуьнца ТӀехӀоьттинарг /тера ву кхечарах/? Далла накъостий хилийтина цара. Ахь āла: 'ЦӀерш яха церан! Я аш Цуьнга дуьйцур ду Цунна лаьттахь цахуург я тхула (деса) долу дош ду /и аш дуьйцург/?' ХӀаъ‚ хаздина цатешачарна шайн хӀилла‚ /нийсачу/ некъах баьхна уьш. Дала тилавала витинчунна цхьа а баьчча вац /и нисвалур волуш/

    13:33
  3. لَهُمْ عَذَابٌ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۖ وَلَعَذَابُ الْآخِرَةِ أَشَقُّ ۖ وَمَا لَهُمْ مِنَ اللَّهِ مِنْ وَاقٍ

    Царна дуьненан дахарехь а Ӏазап ду‚ ткъа эхартан Ӏазап кхин а хала ду. Ма вац царна шаьш Делах (Цуьнан Ӏазапах) лардан цхьа а

    13:34
  4. مَثَلُ الْجَنَّةِ الَّتِي وُعِدَ الْمُتَّقُونَ ۖ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ أُكُلُهَا دَائِمٌ وَظِلُّهَا ۚ تِلْكَ عُقْبَى الَّذِينَ اتَّقَوْا ۖ وَعُقْبَى الْكَافِرِينَ النَّارُ

    /Делах/ кхоьручарна ваӀда йина йолчу /шен гӀаланийн/ бухахула хиш оьхуш йолчу бешан сурт ду: цуьнан даар гуттар а ду‚ цуьнан ӀиндагӀа а /гуттар ду/. И ду /Делах/ кхоьруш хиллачарна хиндерг. Цатешачарна хинъерг /жоьжахатин/ цӀе ю!

    13:35
  5. وَالَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَفْرَحُونَ بِمَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ ۖ وَمِنَ الْأَحْزَابِ مَنْ يُنْكِرُ بَعْضَهُ ۚ قُلْ إِنَّمَا أُمِرْتُ أَنْ أَعْبُدَ اللَّهَ وَلَا أُشْرِكَ بِهِ ۚ إِلَيْهِ أَدْعُو وَإِلَيْهِ مَآبِ

    Оха шайга жайна делларш бакхийбеш бу хьоьга доссийначух. (Хьуна дуьхьалйевллачу мушрикех а, жуьгтех а лаьтташ хиллачу) тобанех ю цуьнан (Къуръанан) цхьадолчунна инкарло еш ерг а. Ахь āла: 'Суна омра дина ас Далла Ӏибадат дан а‚ Цуьнца накъост ца лаца а. Ас Цуьнга кхойкху‚ Цуьнга ду сан дӀаверзар а'

    13:36
  6. وَكَذَٰلِكَ أَنْزَلْنَاهُ حُكْمًا عَرَبِيًّا ۚ وَلَئِنِ اتَّبَعْتَ أَهْوَاءَهُمْ بَعْدَمَا جَاءَكَ مِنَ الْعِلْمِ مَا لَكَ مِنَ اللَّهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا وَاقٍ

    Иштта доссийра Оха и (Къуръан) Ӏаьрбийн /маттахь/ хьукма хилла. Хьо церан дезаршна тӀаьхьахӀоттахь хьайга Ӏилма деъначул тӀаьхьа – Делехьара вали а вац хьуна‚ лардархо а вац

    13:37

Гочдар: Магомед Магомедов