Сурат 13 Ар-раӀд (Стигал къовкъар), аят 38 – 43
-
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا رُسُلًا مِنْ قَبْلِكَ وَجَعَلْنَا لَهُمْ أَزْوَاجًا وَذُرِّيَّةً ۚ وَمَا كَانَ لِرَسُولٍ أَنْ يَأْتِيَ بِآيَةٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۗ لِكُلِّ أَجَلٍ كِتَابٌ
Хьол хьалха а элчанаш бахийтира Оха‚ царна зударий а‚ зурриет а хилийтира Оха. /Тарлур/ дацара цхьанна элчанна аят даийта Делан пурбанца а бен. ХӀор ханна а шен жайна ду
13:38 -
يَمْحُو اللَّهُ مَا يَشَاءُ وَيُثْبِتُ ۖ وَعِنْدَهُ أُمُّ الْكِتَابِ
Дала Шена луург дойъу‚ /Шена луург/ чӀагӀ а до. Цуьнгахь жайнин нана ю
13:39 -
وَإِنْ مَا نُرِيَنَّكَ بَعْضَ الَّذِي نَعِدُهُمْ أَوْ نَتَوَفَّيَنَّكَ فَإِنَّمَا عَلَيْكَ الْبَلَاغُ وَعَلَيْنَا الْحِسَابُ
Я Оха гайтаза дуьтур ду хьоьга Оха царна ваӀда йинчух цхьадерш‚ я Оха хьо волуьйтур ву /уьш ца гойтуш/ – хьуна тӀехь /хьайга Дала делларг нахе/ дӀахаийтар ду‚ Тхуна тӀехь хьесап дар ду
13:40 -
أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا نَأْتِي الْأَرْضَ نَنْقُصُهَا مِنْ أَطْرَافِهَا ۚ وَاللَّهُ يَحْكُمُ لَا مُعَقِّبَ لِحُكْمِهِ ۚ وَهُوَ سَرِيعُ الْحِسَابِ
Царна ца го-те Оха Латта жим-жимма эшош хилар шен йисташкара /бусалбанаша мушрикийн мехкаш схьабохуш шайначарех тухуш/? Дала до хьукма‚ Цуьнан хьукманна новкъарло ен ерг ма вац. И ву хьесапехь сиха верг
13:41 -
وَقَدْ مَكَرَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ فَلِلَّهِ الْمَكْرُ جَمِيعًا ۖ يَعْلَمُ مَا تَكْسِبُ كُلُّ نَفْسٍ ۗ وَسَيَعْلَمُ الْكُفَّارُ لِمَنْ عُقْبَى الدَّارِ
Царал хьалха хиллачара а мекарло йира‚ Делехь ю мекарло ерриге а /нехан мекарлонаш йохо ницкъ/. Цунна хаьа хӀор синна карадеш дерг. ТӀаккха хуур ду керстанашна‚ хьанна кхочур ю /эхартахь хир йолу хастаме/ хсам
13:42 -
وَيَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَسْتَ مُرْسَلًا ۚ قُلْ كَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ وَمَنْ عِنْدَهُ عِلْمُ الْكِتَابِ
Цатешачара олу: 'Хьо ваийтинарг вац ( хьо элча вац)'‚ ахь āла: 'Кхачаме ду Дела теш хилар а суна а, шуна а юккъехь‚ шегахь жайнин Ӏилма дерг а'
13:43
Гочдар: Магомед Магомедов