Сурат 13 Ар-раӀд (Стигал къовкъар), аят 8 – 18
-
اللَّهُ يَعْلَمُ مَا تَحْمِلُ كُلُّ أُنْثَىٰ وَمَا تَغِيضُ الْأَرْحَامُ وَمَا تَزْدَادُ ۖ وَكُلُّ شَيْءٍ عِنْدَهُ بِمِقْدَارٍ
Далла хаьа хӀор стечу дийнато /кийрахь/ лелорг‚ беран цӀийнан гатдалар а‚ шордалар а. Массо а хӀума Цунна гергахь /шен/ барамца ду
13:8 -
عَالِمُ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ الْكَبِيرُ الْمُتَعَالِ
Хьуламехь дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а‚ воккха верг а‚ лакхаваьлларг а ву Иза
13:9 -
سَوَاءٌ مِنْكُمْ مَنْ أَسَرَّ الْقَوْلَ وَمَنْ جَهَرَ بِهِ وَمَنْ هُوَ مُسْتَخْفٍ بِاللَّيْلِ وَسَارِبٌ بِالنَّهَارِ
/Цу Далла/ цхьабосса ву шух дош къайладаьккхинарг а‚ и гучохь дитинарг а‚ ша буса хьуллуш верг а‚ дийнахь дӀасалелаш верг а
13:10 -
لَهُ مُعَقِّبَاتٌ مِنْ بَيْنِ يَدَيْهِ وَمِنْ خَلْفِهِ يَحْفَظُونَهُ مِنْ أَمْرِ اللَّهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَا يُغَيِّرُ مَا بِقَوْمٍ حَتَّىٰ يُغَيِّرُوا مَا بِأَنْفُسِهِمْ ۗ وَإِذَا أَرَادَ اللَّهُ بِقَوْمٍ سُوءًا فَلَا مَرَدَّ لَهُ ۚ وَمَا لَهُمْ مِنْ دُونِهِ مِنْ وَالٍ
Цунна (адамна) хьалхахула а‚ тӀехьахула а цуьнца цхьаьна дсалелаш дерш ду‚ шаьш и Ӏалашвеш Делан омраца. Баккъалла а, Дала нахах долчух хӀумма а ца хуьйцу, цара шаьш шайх дерг хийццалц. Далла нахана вониг лиъча, цунна духатохар дац‚ И воцург урхалча ма вац царна
13:11 -
هُوَ الَّذِي يُرِيكُمُ الْبَرْقَ خَوْفًا وَطَمَعًا وَيُنْشِئُ السَّحَابَ الثِّقَالَ
И ву шуна кхерамций‚ догдахарций ткъес гойтуш верг‚ Цо кхиайо еза мархаш
13:12 -
وَيُسَبِّحُ الرَّعْدُ بِحَمْدِهِ وَالْمَلَائِكَةُ مِنْ خِيفَتِهِ وَيُرْسِلُ الصَّوَاعِقَ فَيُصِيبُ بِهَا مَنْ يَشَاءُ وَهُمْ يُجَادِلُونَ فِي اللَّهِ وَهُوَ شَدِيدُ الْمِحَالِ
Цунна хастам барца тасбихь до стигал къовкъаро. Маликаша а /до Далла тасбихь/ Цунах кхерарца. Стелахаьштигаш оьхуьйту Цо‚ уьш Шена луучунна тӀетуху, уьш Делан хьокъехь къуьйсуш а болуш. Иза – ницкъаца чӀогӀаниг ву
13:13 -
لَهُ دَعْوَةُ الْحَقِّ ۖ وَالَّذِينَ يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ لَا يَسْتَجِيبُونَ لَهُمْ بِشَيْءٍ إِلَّا كَبَاسِطِ كَفَّيْهِ إِلَى الْمَاءِ لِيَبْلُغَ فَاهُ وَمَا هُوَ بِبَالِغِهِ ۚ وَمَا دُعَاءُ الْكَافِرِينَ إِلَّا فِي ضَلَالٍ
Цуьнга ду бакъдолчун кхайкхар. И воцчуьнга кхойкхуш берш – цхьанна а хӀуманца царна жоп лур дац цара‚ уьш тера бу хи тӀе генара куьйгаш кховдинчух и шен бага кхачийта – ткъа иза ца кхочу цуьнга. Цатешачеран /шайн делашка/ кхайкхар ма дац тилар чохь бен
13:14 -
وَلِلَّهِ يَسْجُدُ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ طَوْعًا وَكَرْهًا وَظِلَالُهُمْ بِالْغُدُوِّ وَالْآصَالِ ۩
Далла сужуд деш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг, лууш а, ца лууш а. Церан ӀиндагӀаш а /ду Цунна сужуд деш/ Ӏуьйранна а‚ суьйранна а
13:15 -
قُلْ مَنْ رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ قُلِ اللَّهُ ۚ قُلْ أَفَاتَّخَذْتُمْ مِنْ دُونِهِ أَوْلِيَاءَ لَا يَمْلِكُونَ لِأَنْفُسِهِمْ نَفْعًا وَلَا ضَرًّا ۚ قُلْ هَلْ يَسْتَوِي الْأَعْمَىٰ وَالْبَصِيرُ أَمْ هَلْ تَسْتَوِي الظُّلُمَاتُ وَالنُّورُ ۗ أَمْ جَعَلُوا لِلَّهِ شُرَكَاءَ خَلَقُوا كَخَلْقِهِ فَتَشَابَهَ الْخَلْقُ عَلَيْهِمْ ۚ قُلِ اللَّهُ خَالِقُ كُلِّ شَيْءٍ وَهُوَ الْوَاحِدُ الْقَهَّارُ
Āла /хӀай Мухьаммад/: 'Мила ву стигалийн а‚ лаьттан а Эла?' Āла: 'Дела ву'. Āла: 'Ткъа, Иза а вуьтий, /Ӏибадат дан кхин/ накъостий лоьцу аш‚ шайн догӀмашна а пайда а‚ я зен шайгахь доцу?' Āла: 'Цхьатерра вуй ткъа бӀаьрзениг а‚ бӀаьрсадерг а‚ я цхьатерра дуй ткъа боданаш а‚ нур а?' Я цара Далла накъостий хилийтина‚ шаьш /халкъ/ кхоьллина, Цо кхолларх терра - царна и халкъах тарделла? Ахь āла: 'Массо а хӀуманан кхоллархо ву Дела. И ша цхьаъ верг а‚ ницкъ алссам берг а ву'
13:16 -
أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَسَالَتْ أَوْدِيَةٌ بِقَدَرِهَا فَاحْتَمَلَ السَّيْلُ زَبَدًا رَابِيًا ۚ وَمِمَّا يُوقِدُونَ عَلَيْهِ فِي النَّارِ ابْتِغَاءَ حِلْيَةٍ أَوْ مَتَاعٍ زَبَدٌ مِثْلُهُ ۚ كَذَٰلِكَ يَضْرِبُ اللَّهُ الْحَقَّ وَالْبَاطِلَ ۚ فَأَمَّا الزَّبَدُ فَيَذْهَبُ جُفَاءً ۖ وَأَمَّا مَا يَنْفَعُ النَّاسَ فَيَمْكُثُ فِي الْأَرْضِ ۚ كَذَٰلِكَ يَضْرِبُ اللَّهُ الْأَمْثَالَ
Цо доссийна стиглара хи – Ӏовраш ихира хершанашкахула шайн барамехь‚ Ӏовраша дяьхьира аййелла чопа. Цара цӀергахь хазаллаш я кхин хӀуманаш еш ягаечух а чопа ю цунах терра. Иштта даладо Дала бакъдолчун а‚ харцдолчун а масал. Чопа эрна дӀагӀо‚ ткъа нахана пайда беш дерг лаьттахь дуьсу. Иштта даладо Дала масалш
13:17 -
لِلَّذِينَ اسْتَجَابُوا لِرَبِّهِمُ الْحُسْنَىٰ ۚ وَالَّذِينَ لَمْ يَسْتَجِيبُوا لَهُ لَوْ أَنَّ لَهُمْ مَا فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا وَمِثْلَهُ مَعَهُ لَافْتَدَوْا بِهِ ۚ أُولَٰئِكَ لَهُمْ سُوءُ الْحِسَابِ وَمَأْوَاهُمْ جَهَنَّمُ ۖ وَبِئْسَ الْمِهَادُ
Шен Кхиош-Кхобучунна жоп деллачарна хазаниг ду - (ялсамани). Цунна жоп цаделлачарна лаьттахь мел дерг хилча а‚ цуьнца кхин цул а‚ и цунах (Делан Ӏазапах кӀелхьардовла) дӀалур ма дара цара. Ма вон хьесап ду-кх царна! Церан чугӀойла жоьжахати ю. Вон (дӀавуьжу) мотт бу и!
13:18
Гочдар: Магомед Магомедов