Сурат 14 ИбрахӀим, аят 1 – 4

  1. الر ۚ كِتَابٌ أَنْزَلْنَاهُ إِلَيْكَ لِتُخْرِجَ النَّاسَ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ بِإِذْنِ رَبِّهِمْ إِلَىٰ صِرَاطِ الْعَزِيزِ الْحَمِيدِ

    Алиф-лам-ра. Жайна ду /хӀара/‚ Оха ша хьоьга доссийна долу, хьоьга нах боданашкара серлонга арабахийтархьама шайн Кхиош-Кхобучун пурбанца, Ша веза волчун‚ Ша хастаме волчун новкъа‚

    14:1
  2. اللَّهِ الَّذِي لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَوَيْلٌ لِلْكَافِرِينَ مِنْ عَذَابٍ شَدِيدٍ

    Делан /новкъа/‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шен долчу. Бāла бу-кх цатешачарна чӀогӀачу Ӏазапах

    14:2
  3. الَّذِينَ يَسْتَحِبُّونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا عَلَى الْآخِرَةِ وَيَصُدُّونَ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ وَيَبْغُونَهَا عِوَجًا ۚ أُولَٰئِكَ فِي ضَلَالٍ بَعِيدٍ

    Ишттанаш бу уьш шайна дуьненан дахар эхартал тх дукха дезаш‚ Делан некъах /нах/ дӀатоьттуш, и гамбан гӀерташ, – уьш генарчу тилар чохь ма бу

    14:3
  4. وَمَا أَرْسَلْنَا مِنْ رَسُولٍ إِلَّا بِلِسَانِ قَوْمِهِ لِيُبَيِّنَ لَهُمْ ۖ فَيُضِلُّ اللَّهُ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    Оха ца ваийтина цхьа а элча шен къоман маттахь бен цуьнга царна билгалдаккхийтархьама. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа вуьллу. И веза верг а‚ хьукма /нийса деш/ верг а ву

    14:4

Гочдар: Магомед Магомедов