Сурат 14 ИбрахӀим, аят 13 – 21
-
وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا لِرُسُلِهِمْ لَنُخْرِجَنَّكُمْ مِنْ أَرْضِنَا أَوْ لَتَعُودُنَّ فِي مِلَّتِنَا ۖ فَأَوْحَىٰ إِلَيْهِمْ رَبُّهُمْ لَنُهْلِكَنَّ الظَّالِمِينَ
Цатешачара элира шайн элчанашка: 'Оха арадохур ма ду шу тхешан лаьттара (махкара) я шу тдоьрзур ма ду тхан динна '. Цаьрга /пайхамаршка/ церан Кхиош-Кхобучо ваьхьица хаийтира: 'ХӀаллакбийр ма бу Оха зуламхой‚
14:13 -
وَلَنُسْكِنَنَّكُمُ الْأَرْضَ مِنْ بَعْدِهِمْ ۚ ذَٰلِكَ لِمَنْ خَافَ مَقَامِي وَخَافَ وَعِيدِ
Оха дāха ховшор ма ду шу /пайхамарш а, царна тьхьабаьзнарш а/ лаьттахь царал тӀаьхьа‚ иза ду Суна хьалха ша дхӀоттарх кхоьруш волчунна а‚ Сан таӀзарх кхоьруш волчунна а'
14:14 -
وَاسْتَفْتَحُوا وَخَابَ كُلُّ جَبَّارٍ عَنِيدٍ
Цара толам бийхира – ийшира массо а юхахьараваьлла Ӏазапхо
14:15 -
مِنْ وَرَائِهِ جَهَنَّمُ وَيُسْقَىٰ مِنْ مَاءٍ صَدِيدٍ
Цуьнан тӀехьахула жоьжахати ю‚ наткъаран хи малор ду цунна
14:16 -
يَتَجَرَّعُهُ وَلَا يَكَادُ يُسِيغُهُ وَيَأْتِيهِ الْمَوْتُ مِنْ كُلِّ مَكَانٍ وَمَا هُوَ بِمَيِّتٍ ۖ وَمِنْ وَرَائِهِ عَذَابٌ غَلِيظٌ
Цо къурдаш бийр бу цунах‚ амма и халла бен кийра дахийталур дац цуьнга – массо а агра цунна тӀе валар догӀу‚ и вала ца ле‚ цунна тӀехьахула луьра Ӏазап ду
14:17 -
مَثَلُ الَّذِينَ كَفَرُوا بِرَبِّهِمْ ۖ أَعْمَالُهُمْ كَرَمَادٍ اشْتَدَّتْ بِهِ الرِّيحُ فِي يَوْمٍ عَاصِفٍ ۖ لَا يَقْدِرُونَ مِمَّا كَسَبُوا عَلَىٰ شَيْءٍ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الضَّلَالُ الْبَعِيدُ
Шайн Кхиош-Кхобучух цатешначеран масал ду: церан Ӏамалш чг мох баьллачу дийнахь цу махо баржийначу чимах тера ю. Шайна карадеанчу хӀуманна тӀехь ницкъ болуш бац уьш. Иза ду-кх генара тилар!
14:18 -
أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۚ إِنْ يَشَأْ يُذْهِبْكُمْ وَيَأْتِ بِخَلْقٍ جَدِيدٍ
Хьуна ца хиъна Дала стигланаш а‚ латта а бакъонца кхоьллина хилар? Шена лиъча, Цо шу дӀа а дохур ду, керла халкъ далор ду
14:19 -
وَمَا ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ بِعَزِيزٍ
Далла деза а (хала хӀума а) дац и
14:20 -
وَبَرَزُوا لِلَّهِ جَمِيعًا فَقَالَ الضُّعَفَاءُ لِلَّذِينَ اسْتَكْبَرُوا إِنَّا كُنَّا لَكُمْ تَبَعًا فَهَلْ أَنْتُمْ مُغْنُونَ عَنَّا مِنْ عَذَابِ اللَّهِ مِنْ شَيْءٍ ۚ قَالُوا لَوْ هَدَانَا اللَّهُ لَهَدَيْنَاكُمْ ۖ سَوَاءٌ عَلَيْنَا أَجَزِعْنَا أَمْ صَبَرْنَا مَا لَنَا مِنْ مَحِيصٍ
Далла гучубевр бу берриге а /къематдийнахь/. Ледара хиллачара эр ду кура хиллачаьрга: 'Баккъалла а, тхо дара /дуьненахь/ шуна тӀаьхьахӀуьттуш. Шуьга дяккхалой тхуна тӀера Делан Ӏазапах хӀумма а?' Цара эр ду: 'Дала тхо нисдинехьара – оха шу а нисдина хир дара. Тхуна цхьатерра ду: тхаьш синтем байна хьийзича а‚ я тхаьш собар деш Ӏийча а, – тхуна кӀелхьардовлар дац'
14:21
Гочдар: Магомед Магомедов