Сурат 14 ИбрахӀим, аят 22 – 27
-
وَقَالَ الشَّيْطَانُ لَمَّا قُضِيَ الْأَمْرُ إِنَّ اللَّهَ وَعَدَكُمْ وَعْدَ الْحَقِّ وَوَعَدْتُكُمْ فَأَخْلَفْتُكُمْ ۖ وَمَا كَانَ لِيَ عَلَيْكُمْ مِنْ سُلْطَانٍ إِلَّا أَنْ دَعَوْتُكُمْ فَاسْتَجَبْتُمْ لِي ۖ فَلَا تَلُومُونِي وَلُومُوا أَنْفُسَكُمْ ۖ مَا أَنَا بِمُصْرِخِكُمْ وَمَا أَنْتُمْ بِمُصْرِخِيَّ ۖ إِنِّي كَفَرْتُ بِمَا أَشْرَكْتُمُونِ مِنْ قَبْلُ ۗ إِنَّ الظَّالِمِينَ لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
ШайтӀано эр ду /къематдийнахь/, гӀуллакх кхочуш хилча: 'Баккъалла а, Дала йинера шуьца бакъ ваӀда‚ аса а ваӀда йинера шуьца – ас тешнабехк бина шуна. Шуна тӀехь цхьа а хьаькамалла ма дацара сан, ас шуьга кхайкхар бен – аш суна жоп делира. Суна бехкаш ма бахка – шайна бехкаш бахка. Сан шуна дан гӀо а дац‚ шун суна дан гӀо а дац. Ас керстдина аш со хьалха накъост лаьцна хилар'. Баккъалла а, зуламхой - царна лазош долу Ӏазап хир ма ду
14:22 -
وَأُدْخِلَ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا بِإِذْنِ رَبِّهِمْ ۖ تَحِيَّتُهُمْ فِيهَا سَلَامٌ
Тешаш хилларш а‚ дика Ӏамалш йинарш а чубахийтина хир бу /ялсаманин/ бошмашка‚ шайн бухахула хиш оьхуш долчу‚ шаьш гуттар цу чохь хир болуш шайн Делан пурбанца. Церан маршалла цу чохь 'Салам' ду
14:23 -
أَلَمْ تَرَ كَيْفَ ضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا كَلِمَةً طَيِّبَةً كَشَجَرَةٍ طَيِّبَةٍ أَصْلُهَا ثَابِتٌ وَفَرْعُهَا فِي السَّمَاءِ
Хьуна ца хиъна‚ муха масал далийна Дала хазчу дашца? И хазчу диттах тера ду: цуьнан орам чӀогӀа бу‚ цуьнан га стиглахь ду
14:24 -
تُؤْتِي أُكُلَهَا كُلَّ حِينٍ بِإِذْنِ رَبِّهَا ۗ وَيَضْرِبُ اللَّهُ الْأَمْثَالَ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
Шен даар ло цо массо а хенахь шен Кхиош-Кхобучун пурбанца. Дала масалш даладо нахана – цара ойла йийр яцара-те!
14:25 -
وَمَثَلُ كَلِمَةٍ خَبِيثَةٍ كَشَجَرَةٍ خَبِيثَةٍ اجْتُثَّتْ مِنْ فَوْقِ الْأَرْضِ مَا لَهَا مِنْ قَرَارٍ
Боьхачу дешан масал – боьхачу диттах тера ду‚ ша схьадаьккхина долчу /орамашца/ лаьтта тӀера – чӀагӀо яц цуьнан
14:26 -
يُثَبِّتُ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا بِالْقَوْلِ الثَّابِتِ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَفِي الْآخِرَةِ ۖ وَيُضِلُّ اللَّهُ الظَّالِمِينَ ۚ وَيَفْعَلُ اللَّهُ مَا يَشَاءُ
Дала чӀагӀбо ийман диллинарш /Дела цхьаъваран/ чӀогӀачу дашца дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Дала тилабала буьту зуламхой. Дала до Шена луъург
14:27
Гочдар: Магомед Магомедов