Сурат 14 ИбрахIим, аят 24 – 27

  1. أَلَمْ تَرَ كَيْفَ ضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا كَلِمَةً طَيِّبَةً كَشَجَرَةٍ طَيِّبَةٍ أَصْلُهَا ثَابِتٌ وَفَرْعُهَا فِي السَّمَاءِ

    Хьуна ца хиъна‚ муха масал далийна Дала хазчу дашца? И хазчу диттах тера ду: цуьнан орам чIогIа бу‚ цуьнан га стиглахь ду

    14:24
  2. تُؤْتِي أُكُلَهَا كُلَّ حِينٍ بِإِذْنِ رَبِّهَا ۗ وَيَضْرِبُ اللَّهُ الْأَمْثَالَ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ

    Шен даар ло цо массо а хенахь шен Кхиош-Кхобучун пурбанца. Дала масалш даладо нахана – цара ойла йийр яцара-те!

    14:25
  3. وَمَثَلُ كَلِمَةٍ خَبِيثَةٍ كَشَجَرَةٍ خَبِيثَةٍ اجْتُثَّتْ مِنْ فَوْقِ الْأَرْضِ مَا لَهَا مِنْ قَرَارٍ

    Боьхачу дешан масал – боьхачу диттах тера ду‚ ша схьадаьккхина долчу /орамашца/ лаьтта тIера – чIагIо яц цуьнан

    14:26
  4. يُثَبِّتُ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا بِالْقَوْلِ الثَّابِتِ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَفِي الْآخِرَةِ ۖ وَيُضِلُّ اللَّهُ الظَّالِمِينَ ۚ وَيَفْعَلُ اللَّهُ مَا يَشَاءُ

    Дала чIагIбо ийман диллинарш /Дела цхьаъваран/ чIогIачу дашца дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Дала тилабала буьту зуламхой. Дала до Шена луъург

    14:27

Гочдар: Магомед Магомедов