Сурат 14 ИбрахӀим, аят 28 – 34

  1. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ بَدَّلُوا نِعْمَتَ اللَّهِ كُفْرًا وَأَحَلُّوا قَوْمَهُمْ دَارَ الْبَوَارِ

    Хьо ца хьаьжна /хй Мухьаммад/ шаьш Делан ниӀмат керстаналлах хийцинчаьрга? Цара охьахаи шайн халкъ хӀаллакхиларан ц чу,

    14:28
  2. جَهَنَّمَ يَصْلَوْنَهَا ۖ وَبِئْسَ الْقَرَارُ

    Жоьжахати чу, шена чохь уьш богур болу? Ма вон ю-кх уьш кхочу болу меттиг!

    14:29
  3. وَجَعَلُوا لِلَّهِ أَنْدَادًا لِيُضِلُّوا عَنْ سَبِيلِهِ ۗ قُلْ تَمَتَّعُوا فَإِنَّ مَصِيرَكُمْ إِلَى النَّارِ

    Далла накъостий хилийтира цара Цуьнан некъах /нах/ тилорхьама. Ахь āла: 'Зовкх хьега шайна – шун дӀадахар /жоьжахатин/ цӀерга ду'

    14:30
  4. قُلْ لِعِبَادِيَ الَّذِينَ آمَنُوا يُقِيمُوا الصَّلَاةَ وَيُنْفِقُوا مِمَّا رَزَقْنَاهُمْ سِرًّا وَعَلَانِيَةً مِنْ قَبْلِ أَنْ يَأْتِيَ يَوْمٌ لَا بَيْعٌ فِيهِ وَلَا خِلَالٌ

    Ахь āла Сан ийман диллинчу лешка: ламаз хӀоттадойла цара‚ Оха шайна деллачу рицкъанах къайлах а‚ гучохь а /дикчу агр/ харжаш йойла /Делан новкъахь/ шена чохь йохка-эцар а‚ доттагӀалла а доцу /къемат/де дале хьалха

    14:31
  5. اللَّهُ الَّذِي خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَأَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَخْرَجَ بِهِ مِنَ الثَّمَرَاتِ رِزْقًا لَكُمْ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ الْفُلْكَ لِتَجْرِيَ فِي الْبَحْرِ بِأَمْرِهِ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ الْأَنْهَارَ

    Дела ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а. Цо даийтина стиглара хи‚ цуьнца кхиира Цо цхьадолу стоьмаш шуна рицкъ хилийта. Шуна муьтӀахь дина Цо кеманаш лелийта хӀорда чохь Шен омраца‚ шуна муьтӀахь дина Цо хиш

    14:32
  6. وَسَخَّرَ لَكُمُ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ دَائِبَيْنِ ۖ وَسَخَّرَ لَكُمُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ

    Цо муьтӀахь бина шуна малх а‚ бутт а‚ и ший а, хаддаза (шайн некъашкахула лелаш) болуш. Цо муьтӀахь дина шуна буьйса а‚ де а

    14:33
  7. وَآتَاكُمْ مِنْ كُلِّ مَا سَأَلْتُمُوهُ ۚ وَإِنْ تَعُدُّوا نِعْمَتَ اللَّهِ لَا تُحْصُوهَا ۗ إِنَّ الْإِنْسَانَ لَظَلُومٌ كَفَّارٌ

    Аш Шега дехначух дерриге а делла Цо шуна. Делан ниӀматаш аш дагардахь – дагардалур дац уьш шуна. Баккъалла а, адам тх зуламе а‚ баркалла ца олуш а ма ду

    14:34

Гочдар: Магомед Магомедов