Сурат 14 ИбрахӀим, аят 35 – 41

  1. وَإِذْ قَالَ إِبْرَاهِيمُ رَبِّ اجْعَلْ هَٰذَا الْبَلَدَ آمِنًا وَاجْنُبْنِي وَبَنِيَّ أَنْ نَعْبُدَ الْأَصْنَامَ

    Хьахаде: ИбрахӀима ма аьллера: 'Со Кхиош-Кхобург‚ Ахь хилийталахь хӀара мохк маьрша‚ Ахь генаваккхалахь со а, сан кнтий а оха жаршна бадат дарх

    14:35
  2. رَبِّ إِنَّهُنَّ أَضْلَلْنَ كَثِيرًا مِنَ النَّاسِ ۖ فَمَنْ تَبِعَنِي فَإِنَّهُ مِنِّي ۖ وَمَنْ عَصَانِي فَإِنَّكَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Со Кхиош-Кхобург‚ баккъалла а, цара тила ма бина нахах дукхаберш. Суна тӀаьхьахӀоьттинарг – сох ву‚ суна Ӏеса хилларг, – баккъалла а, Хьо гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а ву-кх

    14:36
  3. رَبَّنَا إِنِّي أَسْكَنْتُ مِنْ ذُرِّيَّتِي بِوَادٍ غَيْرِ ذِي زَرْعٍ عِنْدَ بَيْتِكَ الْمُحَرَّمِ رَبَّنَا لِيُقِيمُوا الصَّلَاةَ فَاجْعَلْ أَفْئِدَةً مِنَ النَّاسِ تَهْوِي إِلَيْهِمْ وَارْزُقْهُمْ مِنَ الثَّمَرَاتِ لَعَلَّهُمْ يَشْكُرُونَ

    Тхан Кхиош-Кхобург! Ас дāха хаий сан зуьриетах цхьаберш ялта доцчу аренгахь Хьан сийлахь долчу цӀийна уллохь цара цигахь, тхан Кхиош-Кхобург, ламаз хӀотторхьама. Цхьаболчу нехан дегнаш царна ттевжаш хилийталахь‚ стоьмех рицкъ лолахь царна – цара баркалла āла тарлора

    14:37
  4. رَبَّنَا إِنَّكَ تَعْلَمُ مَا نُخْفِي وَمَا نُعْلِنُ ۗ وَمَا يَخْفَىٰ عَلَى اللَّهِ مِنْ شَيْءٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي السَّمَاءِ

    Тхан Кхиош-Кхобург! Хьо хууш ву-кх оха къайладоккхург а‚ оха гучудоккхург а. Делах къайлаер яц хӀумма лаьттахь а‚ стиглахь а

    14:38
  5. الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي وَهَبَ لِي عَلَى الْكِبَرِ إِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ ۚ إِنَّ رَبِّي لَسَمِيعُ الدُّعَاءِ

    Далла бу хастам‚ суна воккхаллехь ИсмаӀил а‚ Исхьакъ а веллачу! Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург доӀа хезаш верг ву-кх

    14:39
  6. رَبِّ اجْعَلْنِي مُقِيمَ الصَّلَاةِ وَمِنْ ذُرِّيَّتِي ۚ رَبَّنَا وَتَقَبَّلْ دُعَاءِ

    Сан Кхиош-Кхобург‚ сох хилийталахь ламаз хӀоттош верг‚ сан зуьриетах а /хилийталахь дика Ӏамалш еш берш/. Тхан Кхиош-Кхобург‚ сан доӀа къобалделахь

    14:40
  7. رَبَّنَا اغْفِرْ لِي وَلِوَالِدَيَّ وَلِلْمُؤْمِنِينَ يَوْمَ يَقُومُ الْحِسَابُ

    Тхан Кхиош-Кхобург‚ гечделахь суна а‚ сан дена-нанна а‚ муъмин нахана а хьесап хӀуттур долчу /къемат/ дийнахь'

    14:41

Гочдар: Магомед Магомедов