Сурат 14 ИбрахӀим, аят 38 – 41
-
رَبَّنَا إِنَّكَ تَعْلَمُ مَا نُخْفِي وَمَا نُعْلِنُ ۗ وَمَا يَخْفَىٰ عَلَى اللَّهِ مِنْ شَيْءٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي السَّمَاءِ
Тхан Кхиош-Кхобург! Хьо хууш ву-кх оха къайладоккхург а‚ оха гучудоккхург а. Делах къайлаер яц хӀумма лаьттахь а‚ стиглахь а
14:38 -
الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي وَهَبَ لِي عَلَى الْكِبَرِ إِسْمَاعِيلَ وَإِسْحَاقَ ۚ إِنَّ رَبِّي لَسَمِيعُ الدُّعَاءِ
Далла бу хастам‚ суна воккхаллехь ИсмаӀил а‚ Исхьакъ а веллачу! Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург доӀа хезаш верг ву-кх
14:39 -
رَبِّ اجْعَلْنِي مُقِيمَ الصَّلَاةِ وَمِنْ ذُرِّيَّتِي ۚ رَبَّنَا وَتَقَبَّلْ دُعَاءِ
Сан Кхиош-Кхобург‚ сох хилийталахь ламаз хӀоттош верг‚ сан зуьриетах а /хилийталахь дика Ӏамалш еш берш/. Тхан Кхиош-Кхобург‚ сан доӀа къобалделахь
14:40 -
رَبَّنَا اغْفِرْ لِي وَلِوَالِدَيَّ وَلِلْمُؤْمِنِينَ يَوْمَ يَقُومُ الْحِسَابُ
Тхан Кхиош-Кхобург‚ гечделахь суна а‚ сан дена-нанна а‚ муъмин нахана а хьесап хӀуттур долчу /къемат/ дийнахь'
14:41
Гочдар: Магомед Магомедов