Сурат 14 ИбрахӀим, аят 5 – 8

  1. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مُوسَىٰ بِآيَاتِنَا أَنْ أَخْرِجْ قَوْمَكَ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ وَذَكِّرْهُمْ بِأَيَّامِ اللَّهِ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِكُلِّ صَبَّارٍ شَكُورٍ

    Оха Муса вахийтира Тхешан аяташца: 'Арадаккха хьайн къам боданашкара серлонга‚ дагадаийта царна Делан /ниӀмат шайна дукха хилла/ денош'‚ аьлла. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хӀор тх собаре волчунна а‚ баркалла олуш волчунна а

    14:5
  2. وَإِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِقَوْمِهِ اذْكُرُوا نِعْمَةَ اللَّهِ عَلَيْكُمْ إِذْ أَنْجَاكُمْ مِنْ آلِ فِرْعَوْنَ يَسُومُونَكُمْ سُوءَ الْعَذَابِ وَيُذَبِّحُونَ أَبْنَاءَكُمْ وَيَسْتَحْيُونَ نِسَاءَكُمْ ۚ وَفِي ذَٰلِكُمْ بَلَاءٌ مِنْ رَبِّكُمْ عَظِيمٌ

    Хьахаде: Мусас аьллера шен къоме: 'Аш дагадаийта шайна хилла Делан ниӀмат! Цо кӀелхьардехира шу ФирӀавнан доьзалх‚ боьха Ӏазап шуна тӀехь хӀоттош хилла болчу‚ шун кӀентий бойъуш‚ шун зударий дийна буьтуш. Цу чохь шун Кхиош-Кхобучуьнгара сийлахь-доккха зер ду шуна'

    14:6
  3. وَإِذْ تَأَذَّنَ رَبُّكُمْ لَئِنْ شَكَرْتُمْ لَأَزِيدَنَّكُمْ ۖ وَلَئِنْ كَفَرْتُمْ إِنَّ عَذَابِي لَشَدِيدٌ

    Дагадаита: шун Кхиош-Кхобучо дӀакхайкхира: 'Шу баркалле хилча‚ Ас совдохур ду шу /ниӀматашкахь/‚ аш /Сан ниаташна/ керстадича, Сан Ӏазап чӀогӀа ду!'

    14:7
  4. وَقَالَ مُوسَىٰ إِنْ تَكْفُرُوا أَنْتُمْ وَمَنْ فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا فَإِنَّ اللَّهَ لَغَنِيٌّ حَمِيدٌ

    Мусас элира: ' Аша а‚ лаьттахь мел волчо а – массара а керстадахь а, – баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву (хӀумма оьшуш вац)‚ хастаме а ву'

    14:8

Гочдар: Магомед Магомедов