Сурат 14 ИбрахӀим, аят 7 – 12

  1. وَإِذْ تَأَذَّنَ رَبُّكُمْ لَئِنْ شَكَرْتُمْ لَأَزِيدَنَّكُمْ ۖ وَلَئِنْ كَفَرْتُمْ إِنَّ عَذَابِي لَشَدِيدٌ

    Дагадаита: шун Кхиош-Кхобучо дӀакхайкхира: 'Шу баркалле хилча‚ Ас совдохур ду шу /ниӀматашкахь/‚ аш /Сан ниаташна/ керстадича, Сан Ӏазап чӀогӀа ду!'

    14:7
  2. وَقَالَ مُوسَىٰ إِنْ تَكْفُرُوا أَنْتُمْ وَمَنْ فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا فَإِنَّ اللَّهَ لَغَنِيٌّ حَمِيدٌ

    Мусас элира: ' Аша а‚ лаьттахь мел волчо а – массара а керстадахь а, – баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву (хӀумма оьшуш вац)‚ хастаме а ву'

    14:8
  3. أَلَمْ يَأْتِكُمْ نَبَأُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ قَوْمِ نُوحٍ وَعَادٍ وَثَمُودَ ۛ وَالَّذِينَ مِنْ بَعْدِهِمْ ۛ لَا يَعْلَمُهُمْ إِلَّا اللَّهُ ۚ جَاءَتْهُمْ رُسُلُهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَرَدُّوا أَيْدِيَهُمْ فِي أَفْوَاهِهِمْ وَقَالُوا إِنَّا كَفَرْنَا بِمَا أُرْسِلْتُمْ بِهِ وَإِنَّا لَفِي شَكٍّ مِمَّا تَدْعُونَنَا إِلَيْهِ مُرِيبٍ

    Шуьга ца кхаьчна шул хьалха хиллачеран Нухьан къоман‚ Ӏадийн‚ Самудийн а хабар‚ царал тӀаьхьа хиллачеран а /хабар/? Далла а бен ца хаьа уьш. Цаьрга баьхкира шайн элчанаш билгалонашца – куьйгаш шайн бага а духкий, цара олура: 'Оха керстадина шу шеца даийтинчунна‚ тхо чӀогӀачу шеконехь ду аш тхо шена тӀекхойкхучух'

    14:9
  4. قَالَتْ رُسُلُهُمْ أَفِي اللَّهِ شَكٌّ فَاطِرِ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ يَدْعُوكُمْ لِيَغْفِرَ لَكُمْ مِنْ ذُنُوبِكُمْ وَيُؤَخِّرَكُمْ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ۚ قَالُوا إِنْ أَنْتُمْ إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُنَا تُرِيدُونَ أَنْ تَصُدُّونَا عَمَّا كَانَ يَعْبُدُ آبَاؤُنَا فَأْتُونَا بِسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    Церан элчанаша элира: 'Ткъа Делехь /И цхьаъ хиларехь а, дерриг бадат Цунна дарехь а/ шеко ю‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллина волчу? Цо кхойкху шу шун къинош Ша гечдаре‚ тоьхначу ханна шу тӀаьхьататтаре'. Цара элира: 'Шу ма дац тхо санна адамаш бен‚ шуна лаьа тхо дӀататта тхан дай шена Ӏибадат деш хиллачух‚ даладе тхуна билггала делил'

    14:10
  5. قَالَتْ لَهُمْ رُسُلُهُمْ إِنْ نَحْنُ إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُكُمْ وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يَمُنُّ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ ۖ وَمَا كَانَ لَنَا أَنْ نَأْتِيَكُمْ بِسُلْطَانٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ

    Церан элчанаша цаьрга элира: 'Тхо-м шу санна адамаш дара‚ делахь а, Дала Шен лẽх Шена луучунна ниӀмат ло. Шуна цхьа а делил далойла ца хилла тхуна Делан пурбанца а бен‚ Далла тӀетевжийла муъмин нах

    14:11
  6. وَمَا لَنَا أَلَّا نَتَوَكَّلَ عَلَى اللَّهِ وَقَدْ هَدَانَا سُبُلَنَا ۚ وَلَنَصْبِرَنَّ عَلَىٰ مَا آذَيْتُمُونَا ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُتَوَكِّلُونَ

    Тхо хӀунда ца тевжа Далла тӀе – Цо тхо нис ма дина тхешан некъашна тӀе‚ оха собар дийр ма ду аш тхуна ечу халонашкахь‚ Далла тӀетевжийла шаьш ттевжаш берш! '

    14:12

Гочдар: Магомед Магомедов