Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 1 – 7

  1. أَتَىٰ أَمْرُ اللَّهِ فَلَا تَسْتَعْجِلُوهُ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Делан омра кхаьчна (гергадеана къематде хIоттар)‚ и сихдар ма лехалаш. Вонах цIена ву Иза‚ лакхавели Иза цара /Шеца/ накъост лацарх

    16:1
  2. يُنَزِّلُ الْمَلَائِكَةَ بِالرُّوحِ مِنْ أَمْرِهِ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ أَنْ أَنْذِرُوا أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنَا فَاتَّقُونِ

    Маликаш диссадо Цо сица Шегара омраца Шен лех Шена луучуьнга 'Аш дIахьеде: Со воцург кхин дела цахилар‚ Сох кхералаш'‚ олий

    16:2
  3. خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۚ تَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъдолчуьнца. Лакхавели И цара /Шеца/ накъост лацарх

    16:3
  4. خَلَقَ الْإِنْسَانَ مِنْ نُطْفَةٍ فَإِذَا هُوَ خَصِيمٌ مُبِينٌ

    Адам кхоьллина Цо тIадамах‚ ткъа иза билггал мостагI ву-кх (керста, Далла инкарло еш волу)

    16:4
  5. وَالْأَنْعَامَ خَلَقَهَا ۗ لَكُمْ فِيهَا دِفْءٌ وَمَنَافِعُ وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ

    Даьхни а – Цо кхоьллина иза. Цуьнца шуна йовхо а ю (‚ пайданаш а бу‚ царах аш доу.?

    16:5
  6. وَلَكُمْ فِيهَا جَمَالٌ حِينَ تُرِيحُونَ وَحِينَ تَسْرَحُونَ

    Шуна цаьргахь хазалла ю, аш /уьш/ чулохкучу хенахь а‚ аш дажа арадохуш а

    16:6
  7. وَتَحْمِلُ أَثْقَالَكُمْ إِلَىٰ بَلَدٍ لَمْ تَكُونُوا بَالِغِيهِ إِلَّا بِشِقِّ الْأَنْفُسِ ۚ إِنَّ رَبَّكُمْ لَرَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Шун маххьаш дIакхоьхьу цара (даьхнино) шу чIогIа хала а бен дкхочур доцчу махка (меттигашка). Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург /шух/ дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву

    16:7

Гочдар: Магомед Магомедов