Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 1 – 9
-
أَتَىٰ أَمْرُ اللَّهِ فَلَا تَسْتَعْجِلُوهُ ۚ سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ
Делан омра кхаьчна (гергадеана къематде хӀоттар)‚ и сихдар ма лехалаш. Вонах цӀена ву Иза‚ лакхавели Иза цара /Шеца/ накъост лацарх
16:1 -
يُنَزِّلُ الْمَلَائِكَةَ بِالرُّوحِ مِنْ أَمْرِهِ عَلَىٰ مَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ أَنْ أَنْذِرُوا أَنَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا أَنَا فَاتَّقُونِ
Маликаш диссадо Цо сица Шегара омраца Шен лех Шена луучуьнга 'Аш дӀахьеде: Со воцург кхин дела цахилар‚ Сох кхералаш'‚ олий
16:2 -
خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ بِالْحَقِّ ۚ تَعَالَىٰ عَمَّا يُشْرِكُونَ
Цо кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъдолчуьнца. Лакхавели И цара /Шеца/ накъост лацарх
16:3 -
خَلَقَ الْإِنْسَانَ مِنْ نُطْفَةٍ فَإِذَا هُوَ خَصِيمٌ مُبِينٌ
Адам кхоьллина Цо тӀадамах‚ ткъа иза билггал мостагӀ ву-кх (керста, Далла инкарло еш волу)
16:4 -
وَالْأَنْعَامَ خَلَقَهَا ۗ لَكُمْ فِيهَا دِفْءٌ وَمَنَافِعُ وَمِنْهَا تَأْكُلُونَ
Даьхни а – Цо кхоьллина иза. Цуьнца шуна йовхо а ю (‚ пайданаш а бу‚ царах аш доу.?
16:5 -
وَلَكُمْ فِيهَا جَمَالٌ حِينَ تُرِيحُونَ وَحِينَ تَسْرَحُونَ
Шуна цаьргахь хазалла ю, аш /уьш/ чулохкучу хенахь а‚ аш дажа арадохуш а
16:6 -
وَتَحْمِلُ أَثْقَالَكُمْ إِلَىٰ بَلَدٍ لَمْ تَكُونُوا بَالِغِيهِ إِلَّا بِشِقِّ الْأَنْفُسِ ۚ إِنَّ رَبَّكُمْ لَرَءُوفٌ رَحِيمٌ
Шун маххьаш дӀакхоьхьу цара (даьхнино) шу чӀогӀа хала а бен дкхочур доцчу махка (меттигашка). Баккъалла а, шун Кхиош-кхобург /шух/ дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву
16:7 -
وَالْخَيْلَ وَالْبِغَالَ وَالْحَمِيرَ لِتَرْكَبُوهَا وَزِينَةً ۚ وَيَخْلُقُ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Говраш а‚ бӀаьрзанаш а‚ варраш а шу шайна тӀехь лелийта а‚ хазаллина а ю. Цо кхуллу шуна ца хуург а
16:8 -
وَعَلَى اللَّهِ قَصْدُ السَّبِيلِ وَمِنْهَا جَائِرٌ ۚ وَلَوْ شَاءَ لَهَدَاكُمْ أَجْمَعِينَ
Далла тӀехь ду /адам / нийсачу новкъа хьажор‚ цунах (некъах) бу /бакъдолчух/ дӀаверзош берг а. Шена лиънехьара, шу дерриге а нийсачу новкъа нисдина хир дара Цо
16:9
Гочдар: Магомед Магомедов