Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 10 – 11

  1. هُوَ الَّذِي أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً ۖ لَكُمْ مِنْهُ شَرَابٌ وَمِنْهُ شَجَرٌ فِيهِ تُسِيمُونَ

    И ву Ша стиглара хи (дог) даийтинарг‚ шуна цунах (хих) малар а ду (аш молуш долу хи)‚ цунах аш шен чохь бежнаш дажош долу буц а ю (догнца Дала йолуьйту буц шун бежнаш дажийта)

    16:10
  2. يُنْبِتُ لَكُمْ بِهِ الزَّرْعَ وَالزَّيْتُونَ وَالنَّخِيلَ وَالْأَعْنَابَ وَمِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ

    Цуьнца Цо шуна схьадолуьйту ялта а‚ зайт-дитташ а‚ хурманаш а‚ кемсаш а‚ массо а тайпа стоьмаш а. Баккъалла а, цу чохь Дела /цхьаъ хиларан а, ницкъ болуш хиларан а / делил ма ду ойла ечу нахана

    16:11

Гочдар: Магомед Магомедов