Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 10 – 21

  1. هُوَ الَّذِي أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً ۖ لَكُمْ مِنْهُ شَرَابٌ وَمِنْهُ شَجَرٌ فِيهِ تُسِيمُونَ

    И ву Ша стиглара хи (дог) даийтинарг‚ шуна цунах (хих) малар а ду (аш молуш долу хи)‚ цунах аш шен чохь бежнаш дажош долу буц а ю (догнца Дала йолуьйту буц шун бежнаш дажийта)

    16:10
  2. يُنْبِتُ لَكُمْ بِهِ الزَّرْعَ وَالزَّيْتُونَ وَالنَّخِيلَ وَالْأَعْنَابَ وَمِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ

    Цуьнца Цо шуна схьадолуьйту ялта а‚ зайт-дитташ а‚ хурманаш а‚ кемсаш а‚ массо а тайпа стоьмаш а. Баккъалла а, цу чохь Дела /цхьаъ хиларан а, ницкъ болуш хиларан а / делил ма ду ойла ечу нахана

    16:11
  3. وَسَخَّرَ لَكُمُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ وَالشَّمْسَ وَالْقَمَرَ ۖ وَالنُّجُومُ مُسَخَّرَاتٌ بِأَمْرِهِ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ

    Шуна муьтӀахь дина Цо буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Седарчий а /шуна буса некъ гойтуш/ муьтӀахь дина Цуьнан омраца. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду хьекъале болчу нахана

    16:12
  4. وَمَا ذَرَأَ لَكُمْ فِي الْأَرْضِ مُخْتَلِفًا أَلْوَانُهُ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَذَّكَّرُونَ

    Цо шуна лаьттахь тайп-тайпанан бесашкахь кхиийна хӀуманаш (дийнаташ, ораматаш…) /муьтӀахь йина шуна/. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх дагадойтуш болчу нахана

    16:13
  5. وَهُوَ الَّذِي سَخَّرَ الْبَحْرَ لِتَأْكُلُوا مِنْهُ لَحْمًا طَرِيًّا وَتَسْتَخْرِجُوا مِنْهُ حِلْيَةً تَلْبَسُونَهَا وَتَرَى الْفُلْكَ مَوَاخِرَ فِيهِ وَلِتَبْتَغُوا مِنْ فَضْلِهِ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    И ву /шуна/ муьтӀахь бинарг хӀорд шуьга цу чуьра керла жижиг (чрий…) даийта‚ шуьга цу чуьра аш шаьш тӀеухкуш долу жовхӀарш дахийта. Хьуна го кеманаш дсалелаш цу чухула, Цуьнан комаьршаллих /хӀуманаш/ шуьга лахийта (хрдан ниаташ а, йохка-эцар лелорна а)‚ шу баркалла олуш хилийта а

    16:14
  6. وَأَلْقَىٰ فِي الْأَرْضِ رَوَاسِيَ أَنْ تَمِيدَ بِكُمْ وَأَنْهَارًا وَسُبُلًا لَعَلَّكُمْ تَهْتَدُونَ

    Лаьтта тхь лаьмнаш доьга Цо, иза шуьца цхьаьна ца лестийтархьама‚ хиш а‚ некъаш а /хилийтира/, – шу нислур дацара-те нийсачу новкъа (шайна Ӏалашонашна тӀе)

    16:15
  7. وَعَلَامَاتٍ ۚ وَبِالنَّجْمِ هُمْ يَهْتَدُونَ

    (Кхидолу) Ӏаламаташ а /кхоьллина Цо шуна некъаш билгалдаха/‚ ткъа седанца (седарчашца) царна карабо нийса некъ /буса шаьш дбаха безачу меттиге/

    16:16
  8. أَفَمَنْ يَخْلُقُ كَمَنْ لَا يَخْلُقُ ۗ أَفَلَا تَذَكَّرُونَ

    Ша кхуллург цакхуллучух тера ву-те? Аш ойла ца йо-те?

    16:17
  9. وَإِنْ تَعُدُّوا نِعْمَةَ اللَّهِ لَا تُحْصُوهَا ۗ إِنَّ اللَّهَ لَغَفُورٌ رَحِيمٌ

    Аш Делан ниӀмат дагардахь – хьесап далур дац шуьга цуьнан. Баккъалла а, Дела тх гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву

    16:18
  10. وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا تُسِرُّونَ وَمَا تُعْلِنُونَ

    Далла хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дӀахьедийриг а

    16:19
  11. وَالَّذِينَ يَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ لَا يَخْلُقُونَ شَيْئًا وَهُمْ يُخْلَقُونَ

    Дела а витина, цара шайга кхойкхуш берш – цара хӀумма а ца кхуллу‚ уьш шаьш а кхуллуш бу

    16:20
  12. أَمْوَاتٌ غَيْرُ أَحْيَاءٍ ۖ وَمَا يَشْعُرُونَ أَيَّانَ يُبْعَثُونَ

    Белла бу уьш‚ дийна боцуш. Царна ца хаьа‚ маца денбийр бу уьш (шайна бадат деш хилларш)

    16:21

Гочдар: Магомед Магомедов