Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 101 – 103
-
وَإِذَا بَدَّلْنَا آيَةً مَكَانَ آيَةٍ ۙ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا يُنَزِّلُ قَالُوا إِنَّمَا أَنْتَ مُفْتَرٍ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Оха аят /кхечу/ аятаца хийцича, – Дела дика хууш ву Ша доссош дерг‚ – цара олу: 'Баккъалла а, хьо кхуллуш верг ву'. ХIаъ‚ царах дуккхахберш хууш бац
16:101 -
قُلْ نَزَّلَهُ رُوحُ الْقُدُسِ مِنْ رَبِّكَ بِالْحَقِّ لِيُثَبِّتَ الَّذِينَ آمَنُوا وَهُدًى وَبُشْرَىٰ لِلْمُسْلِمِينَ
Ахь āла: 'И /Къуръанан аят/ доссийна Дезчу сино хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдолчуьнца, Ша чIагIбархьама ийман диллинарш‚ Ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла бусалба нахана'
16:102 -
وَلَقَدْ نَعْلَمُ أَنَّهُمْ يَقُولُونَ إِنَّمَا يُعَلِّمُهُ بَشَرٌ ۗ لِسَانُ الَّذِي يُلْحِدُونَ إِلَيْهِ أَعْجَمِيٌّ وَهَٰذَا لِسَانٌ عَرَبِيٌّ مُبِينٌ
Тхуна хууш ду‚ цара олу: 'Иза Iамавеш ву адамо'. Уьш шена тIекхийдаш берг Iажам мотт ма бу‚ ткъа хIара билггал Iаьрбийн мотт ма бу
16:103
Гочдар: Магомед Магомедов