Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 101 – 110
-
وَإِذَا بَدَّلْنَا آيَةً مَكَانَ آيَةٍ ۙ وَاللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا يُنَزِّلُ قَالُوا إِنَّمَا أَنْتَ مُفْتَرٍ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Оха аят /кхечу/ аятаца хийцича, – Дела дика хууш ву Ша доссош дерг‚ – цара олу: 'Баккъалла а, хьо кхуллуш верг ву'. ХӀаъ‚ царах дуккхахберш хууш бац
16:101 -
قُلْ نَزَّلَهُ رُوحُ الْقُدُسِ مِنْ رَبِّكَ بِالْحَقِّ لِيُثَبِّتَ الَّذِينَ آمَنُوا وَهُدًى وَبُشْرَىٰ لِلْمُسْلِمِينَ
Ахь āла: 'И /Къуръанан аят/ доссийна Дезчу сино хьан Кхиош-Кхобучуьнгара бакъдолчуьнца, Ша чӀагӀбархьама ийман диллинарш‚ Ша нийса некъ а‚ кхаъ а хилла бусалба нахана'
16:102 -
وَلَقَدْ نَعْلَمُ أَنَّهُمْ يَقُولُونَ إِنَّمَا يُعَلِّمُهُ بَشَرٌ ۗ لِسَانُ الَّذِي يُلْحِدُونَ إِلَيْهِ أَعْجَمِيٌّ وَهَٰذَا لِسَانٌ عَرَبِيٌّ مُبِينٌ
Тхуна хууш ду‚ цара олу: 'Иза Ӏамавеш ву адамо'. Уьш шена тӀекхийдаш берг Ӏажам мотт ма бу‚ ткъа хӀара билггал Ӏаьрбийн мотт ма бу
16:103 -
إِنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ لَا يَهْدِيهِمُ اللَّهُ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
Баккъалла а, Делан аятех ца тешаш берш – Дала нисбийр бац уьш (нийсачу новкъа)‚ царна лазош долу Ӏазап хир ду
16:104 -
إِنَّمَا يَفْتَرِي الْكَذِبَ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِآيَاتِ اللَّهِ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْكَاذِبُونَ
Баккъалла а, /Делан сибаташ тхь/ харцдерг кхуллу Делан аятех ца тешаш болчара - ткъа уьш ма бу харцлуьйш берш
16:105 -
مَنْ كَفَرَ بِاللَّهِ مِنْ بَعْدِ إِيمَانِهِ إِلَّا مَنْ أُكْرِهَ وَقَلْبُهُ مُطْمَئِنٌّ بِالْإِيمَانِ وَلَٰكِنْ مَنْ شَرَحَ بِالْكُفْرِ صَدْرًا فَعَلَيْهِمْ غَضَبٌ مِنَ اللَّهِ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Ша ийман диллинчул тӀаьхьа Далла керстаналла динарг‚ шен дог ийманца чӀагӀделла а долуш, шена ницкъ бинарг воцуш‚ керстаналлина шен дог дделлинарг – царна Делера оьгӀазло а ю‚ царна деза-доккха Ӏазап а ду
16:106 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّهُمُ اسْتَحَبُّوا الْحَيَاةَ الدُّنْيَا عَلَى الْآخِرَةِ وَأَنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي الْقَوْمَ الْكَافِرِينَ
Иза (зап) - царна Эхартал дуьненан дахар сов дезарна ду‚ Дала (нийсачу новкъа) нисбеш цахиларна ду керста къам
16:107 -
أُولَٰئِكَ الَّذِينَ طَبَعَ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ وَسَمْعِهِمْ وَأَبْصَارِهِمْ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْغَافِلُونَ
Уьш бу Дала шайн дегнашна а‚ хазарна а‚ бӀаьрсинна а мухӀар тоьхнарш - уьш бу шаьш гӀопал берш!
16:108 -
لَا جَرَمَ أَنَّهُمْ فِي الْآخِرَةِ هُمُ الْخَاسِرُونَ
Шеко яц Эхартахь уьш эшнарш хиларан
16:109 -
ثُمَّ إِنَّ رَبَّكَ لِلَّذِينَ هَاجَرُوا مِنْ بَعْدِ مَا فُتِنُوا ثُمَّ جَاهَدُوا وَصَبَرُوا إِنَّ رَبَّكَ مِنْ بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَحِيمٌ
ТӀаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург /гечдеш ву/ хӀижар диначарна, шаьш питане лаьцначул тӀаьхьа къахьегна болчу‚ собар дина болчу, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тӀаьхьа гечдеш верг а ву‚ къинхетаме верг а ву
16:110
Гочдар: Магомед Магомедов