Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 22 – 25
-
إِلَٰهُكُمْ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۚ فَالَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ قُلُوبُهُمْ مُنْكِرَةٌ وَهُمْ مُسْتَكْبِرُونَ
Шун дела Ша цхьаъ волу Дела ву (Шена бадат дан массо а хьакъ волу). Шаьш эхартах ца тешаш берш – церан дегнаш инкарло еш ду‚ шаьш курабевлла а бу уьш (бакъдерг т ца лоцуш)
16:22 -
لَا جَرَمَ أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا يُسِرُّونَ وَمَا يُعْلِنُونَ ۚ إِنَّهُ لَا يُحِبُّ الْمُسْتَكْبِرِينَ
Шеко йоццуш, Далла ма хаьа аш къайладоккхург а‚ аш дӀахьедийриг а. Баккъалла а, Цунна ца беза курабевларш
16:23 -
وَإِذَا قِيلَ لَهُمْ مَاذَا أَنْزَلَ رَبُّكُمْ ۙ قَالُوا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ
Цаьрга (мушрикашка) аьлча: 'ХӀун доссийна шун Кхиош-Кхобучо?'‚ цара олу: 'Хьалхалерачийн (хьалха баьхначу нехан) туьйранаш '
16:24 -
لِيَحْمِلُوا أَوْزَارَهُمْ كَامِلَةً يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۙ وَمِنْ أَوْزَارِ الَّذِينَ يُضِلُّونَهُمْ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۗ أَلَا سَاءَ مَا يَزِرُونَ
Цара дӀахьойла шайн /къинойн/ мохь кхоччуш къематдийнахь‚ цхьа а хаар доцуш шаьш тилийначеран мохь а. Вон ца хили цара дӀахьош ерг!? /Хили!/
16:25
Гочдар: Магомед Магомедов