Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 26 – 34

  1. قَدْ مَكَرَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ فَأَتَى اللَّهُ بُنْيَانَهُمْ مِنَ الْقَوَاعِدِ فَخَرَّ عَلَيْهِمُ السَّقْفُ مِنْ فَوْقِهِمْ وَأَتَاهُمُ الْعَذَابُ مِنْ حَيْثُ لَا يَشْعُرُونَ

    Царал хьалха хиллачара а мекарло йира – дӀаяьккхира Дала церан гӀишло (церан мекарло) баххашкара дуьйна‚ тхов тӀебуьйжира царна тӀехула. Цо Ӏазап даийтира царна шайна ца хаалучухула

    16:26
  2. ثُمَّ يَوْمَ الْقِيَامَةِ يُخْزِيهِمْ وَيَقُولُ أَيْنَ شُرَكَائِيَ الَّذِينَ كُنْتُمْ تُشَاقُّونَ فِيهِمْ ۚ قَالَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ إِنَّ الْخِزْيَ الْيَوْمَ وَالسُّوءَ عَلَى الْكَافِرِينَ

    ТӀаккха къематдийнахь Цо сийсазбийр бу уьш‚ эр а ду (цаьрга): 'Мичахь бу Сан 'накъостий' (аш Соьца нисбеш хилла болу харц деланаш)‚ шаьш бахьанехь аш /бакъдолчуьнца/ къуьйсуш хилла болу?' Шайна Ӏилма деллачара эр: 'Баккъалла а, тахана сийсазалла а‚ вон а ду-кх керстанашна‚

    16:27
  3. الَّذِينَ تَتَوَفَّاهُمُ الْمَلَائِكَةُ ظَالِمِي أَنْفُسِهِمْ ۖ فَأَلْقَوُا السَّلَمَ مَا كُنَّا نَعْمَلُ مِنْ سُوءٍ ۚ بَلَىٰ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Маликаша болуьйтуш (шайн синош схьаоьцуш) болу шаьш шайна зулам дечу хьолехь'. ТӀаккха /шайн синош схьаоьцучу хенахь/ муьтӀахь хилира уьш: 'Тхо дацара вониг деш'. ХӀаъ! Баккъалла а, Дела хууш верг ву аш деш хилларг

    16:28
  4. فَادْخُلُوا أَبْوَابَ جَهَنَّمَ خَالِدِينَ فِيهَا ۖ فَلَبِئْسَ مَثْوَى الْمُتَكَبِّرِينَ

    'Жоьжахати чу гӀуо неӀаршкахула‚ даима а цу чохь дуьсуш. Ма вон ю-кх курабевллачеран чугӀойла'

    16:29
  5. وَقِيلَ لِلَّذِينَ اتَّقَوْا مَاذَا أَنْزَلَ رَبُّكُمْ ۚ قَالُوا خَيْرًا ۗ لِلَّذِينَ أَحْسَنُوا فِي هَٰذِهِ الدُّنْيَا حَسَنَةٌ ۚ وَلَدَارُ الْآخِرَةِ خَيْرٌ ۚ وَلَنِعْمَ دَارُ الْمُتَّقِينَ

    /Делах/ кхийринчаьрга элира: 'ХӀун доссийна шун Кхиош-Кхобучо?'‚ цара элира: 'Диканиг'. Диканиг диначарна хӀокху дуьненахь а диканиг ду‚ эхартан хсам тоьлуш ю. Ма дика ю-кх /Делах/ кхоьручеран хсам!

    16:30
  6. جَنَّاتُ عَدْنٍ يَدْخُلُونَهَا تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَاءُونَ ۚ كَذَٰلِكَ يَجْزِي اللَّهُ الْمُتَّقِينَ

    Шайна бухахула хиш оьхуш йолу Ӏаднан бошмаш – царна чу гӀур бу уьш. Царна цу чохь шайна (мел) езнарг хир ю. Иштта ял ло Дала /Шех/ кхоьручарна

    16:31
  7. الَّذِينَ تَتَوَفَّاهُمُ الْمَلَائِكَةُ طَيِّبِينَ ۙ يَقُولُونَ سَلَامٌ عَلَيْكُمُ ادْخُلُوا الْجَنَّةَ بِمَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Шаьш маликаша (синош оьцуш), (къинойх) цӀена а болуш, болуьйтуш болчу (Делах кхоьруш хилачу муъмин нахе), олу: 'Маршалла ду шуьга! Чу гӀуо ялсаманина шаьш /дика/ Ӏамал еш хиларна'

    16:32
  8. هَلْ يَنْظُرُونَ إِلَّا أَنْ تَأْتِيَهُمُ الْمَلَائِكَةُ أَوْ يَأْتِيَ أَمْرُ رَبِّكَ ۚ كَذَٰلِكَ فَعَلَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ وَمَا ظَلَمَهُمُ اللَّهُ وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Уьш (керстанаш) хьовсуш бу-те шайга (синош иэца) маликаш дахкаре‚ я хьан Кхиош-Кхобучун (шайна зап дан) омра даре? Иштта дира хьуна царал хьалха хиллачара а. Дала зулам ца дира царна‚ делахь а, шаьш шайна зулам деш хилира уьш

    16:33
  9. فَأَصَابَهُمْ سَيِّئَاتُ مَا عَمِلُوا وَحَاقَ بِهِمْ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Шаьш дина вонаш (бекхам хилла) шайх дахара царах‚ шаьш ца дēшаш хилларг шайх дахара царах

    16:34

Гочдар: Магомед Магомедов