Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 30 – 31
-
وَقِيلَ لِلَّذِينَ اتَّقَوْا مَاذَا أَنْزَلَ رَبُّكُمْ ۚ قَالُوا خَيْرًا ۗ لِلَّذِينَ أَحْسَنُوا فِي هَٰذِهِ الدُّنْيَا حَسَنَةٌ ۚ وَلَدَارُ الْآخِرَةِ خَيْرٌ ۚ وَلَنِعْمَ دَارُ الْمُتَّقِينَ
/Делах/ кхийринчаьрга элира: 'ХIун доссийна шун Кхиош-Кхобучо?'‚ цара элира: 'Диканиг'. Диканиг диначарна хIокху дуьненахь а диканиг ду‚ эхартан хсам тоьлуш ю. Ма дика ю-кх /Делах/ кхоьручеран хсам!
16:30 -
جَنَّاتُ عَدْنٍ يَدْخُلُونَهَا تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ لَهُمْ فِيهَا مَا يَشَاءُونَ ۚ كَذَٰلِكَ يَجْزِي اللَّهُ الْمُتَّقِينَ
Шайна бухахула хиш оьхуш йолу Iаднан бошмаш – царна чу гIур бу уьш. Царна цу чохь шайна (мел) езнарг хир ю. Иштта ял ло Дала /Шех/ кхоьручарна
16:31
Гочдар: Магомед Магомедов