Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 35 – 40
-
وَقَالَ الَّذِينَ أَشْرَكُوا لَوْ شَاءَ اللَّهُ مَا عَبَدْنَا مِنْ دُونِهِ مِنْ شَيْءٍ نَحْنُ وَلَا آبَاؤُنَا وَلَا حَرَّمْنَا مِنْ دُونِهِ مِنْ شَيْءٍ ۚ كَذَٰلِكَ فَعَلَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ فَهَلْ عَلَى الرُّسُلِ إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ
/Делаца/ накъост лаьцначара элира: 'Далла лиънехьара, И воцчу цхьана а хӀуманна Ӏибадат дина хир дацара оха – оха а‚ тхан дайша а‚ Цо ца йинарг, цхьа а хӀума хьарам йина хир яцара оха'. Иштта /хьукма/ дора царал хьалха хиллачара а. Элчанашна тӀехь дуй ткъа (Дала делларг нахе) къеггина дӀакхачор бен?
16:35 -
وَلَقَدْ بَعَثْنَا فِي كُلِّ أُمَّةٍ رَسُولًا أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ وَاجْتَنِبُوا الطَّاغُوتَ ۖ فَمِنْهُمْ مَنْ هَدَى اللَّهُ وَمِنْهُمْ مَنْ حَقَّتْ عَلَيْهِ الضَّلَالَةُ ۚ فَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُكَذِّبِينَ
ХӀор уммате Оха ваийтира элча‚ Далла Ӏибадат де‚ тӀагӀутах генадовла‚ аьлла. Царах (оцу умматех) Дала нисбинарш а бу‚ царах шайна тӀехь (нийсачу некъах) дтилар кхочушхилларш а бу. Лела шу лаьттахула‚ хьовса‚ муха хилла /Делан цӀена дин / харцдиначеран чаккхе!
16:36 -
إِنْ تَحْرِصْ عَلَىٰ هُدَاهُمْ فَإِنَّ اللَّهَ لَا يَهْدِي مَنْ يُضِلُّ ۖ وَمَا لَهُمْ مِنْ نَاصِرِينَ
Уьш нисбала хьуна мел чг лиъчи а, Дала нис ма ца во Ша тилавала витинарг. Царна (Делан запах клхьарабаха) гӀоьнчий ма бац
16:37 -
وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ ۙ لَا يَبْعَثُ اللَّهُ مَنْ يَمُوتُ ۚ بَلَىٰ وَعْدًا عَلَيْهِ حَقًّا وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَ النَّاسِ لَا يَعْلَمُونَ
Делах чӀогӀа дуйнаш ма биъна цара 'Денвийр вац Дала велларг'‚ бохуш. Мелхо а, иза бакъ хилла йолу ваӀда ю-кх Цуьнгара! Делахь а, дукхахболчу нахана ца хаьа-кх;
16:38 -
لِيُبَيِّنَ لَهُمُ الَّذِي يَخْتَلِفُونَ فِيهِ وَلِيَعْلَمَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَنَّهُمْ كَانُوا كَاذِبِينَ
Билгалдаккхархьама царна шена чохь церан хилпало ерг‚ керстанашка хаийтархьама шаьш харцлуьйш дерш дуйла
16:39 -
إِنَّمَا قَوْلُنَا لِشَيْءٍ إِذَا أَرَدْنَاهُ أَنْ نَقُولَ لَهُ كُنْ فَيَكُونُ
Баккъалла а, Тхан дош ду цхьана хӀумане, Тхуна и /хила/ лиъча, цуьнга 'Хила!' алар. Тккха и хуьлу
16:40
Гочдар: Магомед Магомедов