Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 41 – 50

  1. وَالَّذِينَ هَاجَرُوا فِي اللَّهِ مِنْ بَعْدِ مَا ظُلِمُوا لَنُبَوِّئَنَّهُمْ فِي الدُّنْيَا حَسَنَةً ۖ وَلَأَجْرُ الْآخِرَةِ أَكْبَرُ ۚ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ

    Шайна зулам динчул тӀаьхьа Делан дуьхьа (кхечу махкашка) дӀакхелхинарш – Оха уьш биссор ма бу дуьненахь а дикачунна тӀе‚ эхартан ял-м мелхо а йоккха ю‚ царна (и) хууш хиллехь

    16:41
  2. الَّذِينَ صَبَرُوا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ

    Уьш бу шаьш собар динарш а‚ шайн Кхиош-Кхобучунна тӀетевжинарш а

    16:42
  3. وَمَا أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ إِلَّا رِجَالًا نُوحِي إِلَيْهِمْ ۚ فَاسْأَلُوا أَهْلَ الذِّكْرِ إِنْ كُنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ

    Хьол хьалха а ца бахийтина Оха божарий бен, Оха шайга ваьхьий а луш. Аш хаттал хьехам (хаам) шегахь болчу охӀлане, шаьш хиллехь ца хууш

    16:43
  4. بِالْبَيِّنَاتِ وَالزُّبُرِ ۗ وَأَنْزَلْنَا إِلَيْكَ الذِّكْرَ لِتُبَيِّنَ لِلنَّاسِ مَا نُزِّلَ إِلَيْهِمْ وَلَعَلَّهُمْ يَتَفَكَّرُونَ

    Билгалонашца а‚ жайнашца а /бахкийтира Оха элчанаш/. Хьоьга боссийна Оха хьехам, хьоьга нахана билгалдаккхийта а цаьрга доссош хилларг (Делан хьукманаш)‚ уьш ойла еш хилийта а

    16:44
  5. أَفَأَمِنَ الَّذِينَ مَكَرُوا السَّيِّئَاتِ أَنْ يَخْسِفَ اللَّهُ بِهِمُ الْأَرْضَ أَوْ يَأْتِيَهُمُ الْعَذَابُ مِنْ حَيْثُ لَا يَشْعُرُونَ

    Вочуьнца мекарло йинарш тешна бу-те Дала шаьш лаьтте д ца худабайтарх‚ я шайга Ӏазап догӀур цахилрх шайна хаа ца лучухула?

    16:45
  6. أَوْ يَأْخُذَهُمْ فِي تَقَلُّبِهِمْ فَمَا هُمْ بِمُعْجِزِينَ

    Я Цо шаьш схьацалацарх шайн дӀай-схьай идаршкахь? Цара кӀелдуьтур ма дац /Делан гӀуллакх/

    16:46
  7. أَوْ يَأْخُذَهُمْ عَلَىٰ تَخَوُّفٍ فَإِنَّ رَبَّكُمْ لَرَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Я Цо шаьш схьалоцург хиларх,шаьш кхерамехь а болуш? Баккъалла а, шун Кхиош-Кхобург /шух/ дог лозуш а ву‚ къинхетаме а ву

    16:47
  8. أَوَلَمْ يَرَوْا إِلَىٰ مَا خَلَقَ اللَّهُ مِنْ شَيْءٍ يَتَفَيَّأُ ظِلَالُهُ عَنِ الْيَمِينِ وَالشَّمَائِلِ سُجَّدًا لِلَّهِ وَهُمْ دَاخِرُونَ

    Уьш ца хьовсу-те Дала кхоьлличу хӀуманашка, шайн ӀиндагӀ Далла сужуд дарций аьтту агӀорхьа а‚ аьрру агӀорхьа а теӀаш йолчу, шаьш /Делан ницкъана/ муьтӀахь йолчу?

    16:48
  9. وَلِلَّهِ يَسْجُدُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ مِنْ دَابَّةٍ وَالْمَلَائِكَةُ وَهُمْ لَا يَسْتَكْبِرُونَ

    Далла сужуд до стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо а‚ дийнатех /долчара а/‚ маликаша а, шаьш куралла а ца еш

    16:49
  10. يَخَافُونَ رَبَّهُمْ مِنْ فَوْقِهِمْ وَيَفْعَلُونَ مَا يُؤْمَرُونَ ۩

    Уьш кхоьруш ду шайна тӀехь волчу шайн Кхиош-Кхобучух‚ деш ду шайга де бохург

    16:50

Гочдар: Магомед Магомедов