Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 51 – 60
-
وَقَالَ اللَّهُ لَا تَتَّخِذُوا إِلَٰهَيْنِ اثْنَيْنِ ۖ إِنَّمَا هُوَ إِلَٰهٌ وَاحِدٌ ۖ فَإِيَّايَ فَارْهَبُونِ
/Дийца цаьрга, хй Мухьаммад/ Дала элира: 'Аш ма леца ши дела. Иза цхьа Дела ву. Сох (цхьаннах) кхералаш!
16:51 -
وَلَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَلَهُ الدِّينُ وَاصِبًا ۚ أَفَغَيْرَ اللَّهِ تَتَّقُونَ
Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цуьнан ду даима долу дин‚ ткъа Дела воцчух кхоьру шу?
16:52 -
وَمَا بِكُمْ مِنْ نِعْمَةٍ فَمِنَ اللَّهِ ۖ ثُمَّ إِذَا مَسَّكُمُ الضُّرُّ فَإِلَيْهِ تَجْأَرُونَ
Шуьца мел долу ниӀмат Делера ду-кх. ТӀаккха шаьш цхьана бохамо схьалаьцча – Цуьнга доьху аш мохь бетташ
16:53 -
ثُمَّ إِذَا كَشَفَ الضُّرَّ عَنْكُمْ إِذَا فَرِيقٌ مِنْكُمْ بِرَبِّهِمْ يُشْرِكُونَ
ТӀаккха Цо и бала шух дӀабаьккхича, шух /цхьана/ тобано шен Кхиош-Кхобучуьнца накъост лоцу
16:54 -
لِيَكْفُرُوا بِمَا آتَيْنَاهُمْ ۚ فَتَمَتَّعُوا ۖ فَسَوْفَ تَعْلَمُونَ
Оха шайна деллачу /ниӀматна/ инкарло ярхьама. Зовкх хьега шайна! ТӀаьхьа хуур ду шуна /шаьш динчух хиндерг/
16:55 -
وَيَجْعَلُونَ لِمَا لَا يَعْلَمُونَ نَصِيبًا مِمَّا رَزَقْنَاهُمْ ۗ تَاللَّهِ لَتُسْأَلُنَّ عَمَّا كُنْتُمْ تَفْتَرُونَ
Оха шайна деллачу рицкъанах шайна /хн ю/ ца хуучарна дāкъа до цара. ТаллахӀи‚ шуьга хаттаза дуьтур ма дац аш /Далла дуьхьал/ харц кхуллуш хиллачух
16:56 -
وَيَجْعَلُونَ لِلَّهِ الْبَنَاتِ سُبْحَانَهُ ۙ وَلَهُمْ مَا يَشْتَهُونَ
Далла мехкарий хуьлуьйту цара – вонах цӀена ву Иза - ткъа шайна – шайна дезарг /кӀентий/ хуьлуьйту
16:57 -
وَإِذَا بُشِّرَ أَحَدُهُمْ بِالْأُنْثَىٰ ظَلَّ وَجْهُهُ مُسْوَدًّا وَهُوَ كَظِيمٌ
Царах цхьанна йоӀ хилла аьлла, кхаъ баьккхича‚ юьхь Ӏаржало цуьнан, кийрахь халла сецайо шен оьгзло
16:58 -
يَتَوَارَىٰ مِنَ الْقَوْمِ مِنْ سُوءِ مَا بُشِّرَ بِهِ ۚ أَيُمْسِكُهُ عَلَىٰ هُونٍ أَمْ يَدُسُّهُ فِي التُّرَابِ ۗ أَلَا سَاءَ مَا يَحْكُمُونَ
И лечъа нахах шега кхаъ баьккхина болу цатам бахьанехь. 'Сийсазаллица тлоцу-те ша и /йоӀ/‚ я лаьттах дӀахьулйо-те?' Ма вон ду-кх цара деш долу хьукма!
16:59 -
لِلَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ مَثَلُ السَّوْءِ ۖ وَلِلَّهِ الْمَثَلُ الْأَعْلَىٰ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ
Эхартах цатешачарна вон масал ду‚ ткъа Делехь ма ду вуно лакхара масал. Иза веза верг а‚ хьукма /нийса/ деш верг а ву
16:60
Гочдар: Магомед Магомедов