Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 61 – 65
-
وَلَوْ يُؤَاخِذُ اللَّهُ النَّاسَ بِظُلْمِهِمْ مَا تَرَكَ عَلَيْهَا مِنْ دَابَّةٍ وَلَٰكِنْ يُؤَخِّرُهُمْ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى ۖ فَإِذَا جَاءَ أَجَلُهُمْ لَا يَسْتَأْخِرُونَ سَاعَةً ۖ وَلَا يَسْتَقْدِمُونَ
Дала нах шайн зулам бахьанехь /бāлане/ лоцуш хиллехьара‚ цунна (лаьтта) тӀехь цхьа а дийнат (Делах тешаш воцу керста) дуьтур ма дацара Цо‚ делахь а, тӀаьхьатотту Цо уьш билгал яьккхина хан тӀекхаччалц. Шайн /билгал яьккхина/ хан тъча – цхьа сахьт тӀаьхьа а ца буьсу уьш‚ хьалха а ца бовлу
16:61 -
وَيَجْعَلُونَ لِلَّهِ مَا يَكْرَهُونَ وَتَصِفُ أَلْسِنَتُهُمُ الْكَذِبَ أَنَّ لَهُمُ الْحُسْنَىٰ ۖ لَا جَرَمَ أَنَّ لَهُمُ النَّارَ وَأَنَّهُمْ مُفْرَطُونَ
Далла шайна цадезарг хуьлуьйту цара‚ харцдолчуьнан сурт хӀоттадо церан меттанаша, шайна диканиг ду‚ бохуш. Шеко йоццуш, царна /жоьжахатин/ цӀе ю‚ уьш /цу чохь/ бицбийр бу
16:62 -
تَاللَّهِ لَقَدْ أَرْسَلْنَا إِلَىٰ أُمَمٍ مِنْ قَبْلِكَ فَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ فَهُوَ وَلِيُّهُمُ الْيَوْمَ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ
ТаллахӀи‚ хьол хьалха а умматашка бахкийтира Оха /Тхешан элчанаш/‚ шайтӀано шайн Ӏамалш хазйира царна. Тахана а церан доладийриг (накъост) и ду‚ царна (кечдина) лазаме долу Ӏазап ду
16:63 -
وَمَا أَنْزَلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ إِلَّا لِتُبَيِّنَ لَهُمُ الَّذِي اخْتَلَفُوا فِيهِ ۙ وَهُدًى وَرَحْمَةً لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Хьоьга жайна доссийна ма дац Оха, деккъа ахь царна билгалдаккха а бен церан шена чохь хилпало хилларг, нийса некъ а‚ къинхетам а хила а бен тешаш долчу къомана
16:64 -
وَاللَّهُ أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَحْيَا بِهِ الْأَرْضَ بَعْدَ مَوْتِهَا ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَسْمَعُونَ
Дала стиглара хи доссийна‚ цуьнца латта дендина Цо и деллачул тӀаьхьа. Баккъалла а, цу чохь /Дела цхьаъ хиларан а, ницкъ болуш хиларан а/ делил ма ду ладугӀучу нахана
16:65
Гочдар: Магомед Магомедов