Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 71 – 76

  1. وَاللَّهُ فَضَّلَ بَعْضَكُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ فِي الرِّزْقِ ۚ فَمَا الَّذِينَ فُضِّلُوا بِرَادِّي رِزْقِهِمْ عَلَىٰ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ فَهُمْ فِيهِ سَوَاءٌ ۚ أَفَبِنِعْمَةِ اللَّهِ يَجْحَدُونَ

    Дала шух цхьаберш вуккхарал базбина /шайна/ рицкь даларехь. Ма бац и базбинарш шайн рицкъ лур долуш шайн аьтту куьйгаша доладиначарна (лешна‚ ялхошна), шаьш цу чохь (рицкъанехь), уьш шайца нис а беш. Делан ниӀмат а харц до ткъа цара?

    16:71
  2. وَاللَّهُ جَعَلَ لَكُمْ مِنْ أَنْفُسِكُمْ أَزْوَاجًا وَجَعَلَ لَكُمْ مِنْ أَزْوَاجِكُمْ بَنِينَ وَحَفَدَةً وَرَزَقَكُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ ۚ أَفَبِالْبَاطِلِ يُؤْمِنُونَ وَبِنِعْمَتِ اللَّهِ هُمْ يَكْفُرُونَ

    Дала шуна шух шайх а зударий бина‚ Цо шуна шун зударшкахула кӀентий а‚ кӀентийн кӀентий а хилийтина. Цо шуна дикчух рицкъ делла. Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниӀматана керстаналла до?

    16:72
  3. وَيَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَا يَمْلِكُ لَهُمْ رِزْقًا مِنَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ شَيْئًا وَلَا يَسْتَطِيعُونَ

    Цара Ӏибадат до Дела воцчу‚ шайн долахь царна яла стигланашкара а‚ лаьттара а рицкъех хӀумма а йоцучарна‚/яла лиъча а/ ницкъ ца кхочучарна

    16:73
  4. فَلَا تَضْرِبُوا لِلَّهِ الْأَمْثَالَ ۚ إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ وَأَنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ

    Делаца цхьа а ма нисве. Баккъалла а, Дела хууш ву‚ шу ца хууш ду

    16:74
  5. ضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا عَبْدًا مَمْلُوكًا لَا يَقْدِرُ عَلَىٰ شَيْءٍ وَمَنْ رَزَقْنَاهُ مِنَّا رِزْقًا حَسَنًا فَهُوَ يُنْفِقُ مِنْهُ سِرًّا وَجَهْرًا ۖ هَلْ يَسْتَوُونَ ۚ الْحَمْدُ لِلَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Дала далийна шуна масал: цхьаъ шех /кхечара/ доладеш волу лай ву‚ шен хӀуманна ницкъ а ца кхочуш волу‚ /важа/ Оха шена Тхайгара дика рицкъ делларг ву‚ цо цунах харж а йо /сагӀа ло/ къайлаха а‚ гучахь а. Цхьатерра буй уьш? Хастам Далла бу. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу

    16:75
  6. وَضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا رَجُلَيْنِ أَحَدُهُمَا أَبْكَمُ لَا يَقْدِرُ عَلَىٰ شَيْءٍ وَهُوَ كَلٌّ عَلَىٰ مَوْلَاهُ أَيْنَمَا يُوَجِّهْهُ لَا يَأْتِ بِخَيْرٍ ۖ هَلْ يَسْتَوِي هُوَ وَمَنْ يَأْمُرُ بِالْعَدْلِ ۙ وَهُوَ عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Дала /кхин/ масалина валийна ши стаг: оцу шиннах цхьаъ мотт ца хууш ву‚ цхьанна а хӀуманна ницкъ ца кхочу цуьнан‚ и верриг шен элан (шена тхьттинчу стеган) кōчахь ву‚ ша миччахьа а хьажийча а‚ цо диканиг ца дохьу. Ткъа цхьатерра вуй иза а‚ нийсонца омра деш верг а‚ ша нийсачу новкъахь а волуш?

    16:76

Гочдар: Магомед Магомедов