Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 75 – 76

  1. ضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا عَبْدًا مَمْلُوكًا لَا يَقْدِرُ عَلَىٰ شَيْءٍ وَمَنْ رَزَقْنَاهُ مِنَّا رِزْقًا حَسَنًا فَهُوَ يُنْفِقُ مِنْهُ سِرًّا وَجَهْرًا ۖ هَلْ يَسْتَوُونَ ۚ الْحَمْدُ لِلَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Дала далийна шуна масал: цхьаъ шех /кхечара/ доладеш волу лай ву‚ шен хӀуманна ницкъ а ца кхочуш волу‚ /важа/ Оха шена Тхайгара дика рицкъ делларг ву‚ цо цунах харж а йо /сагӀа ло/ къайлаха а‚ гучахь а. Цхьатерра буй уьш? Хастам Далла бу. Делахь а, царах дукхахберш ца хууш бу

    16:75
  2. وَضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا رَجُلَيْنِ أَحَدُهُمَا أَبْكَمُ لَا يَقْدِرُ عَلَىٰ شَيْءٍ وَهُوَ كَلٌّ عَلَىٰ مَوْلَاهُ أَيْنَمَا يُوَجِّهْهُ لَا يَأْتِ بِخَيْرٍ ۖ هَلْ يَسْتَوِي هُوَ وَمَنْ يَأْمُرُ بِالْعَدْلِ ۙ وَهُوَ عَلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Дала /кхин/ масалина валийна ши стаг: оцу шиннах цхьаъ мотт ца хууш ву‚ цхьанна а хӀуманна ницкъ ца кхочу цуьнан‚ и верриг шен элан (шена тхьттинчу стеган) кōчахь ву‚ ша миччахьа а хьажийча а‚ цо диканиг ца дохьу. Ткъа цхьатерра вуй иза а‚ нийсонца омра деш верг а‚ ша нийсачу новкъахь а волуш?

    16:76

Гочдар: Магомед Магомедов