Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 77 – 83

  1. وَلِلَّهِ غَيْبُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ وَمَا أَمْرُ السَّاعَةِ إِلَّا كَلَمْحِ الْبَصَرِ أَوْ هُوَ أَقْرَبُ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Ма дац сахьтан гӀуллакх (къематде хттар) бӀаьрнегӀар тохар санна а бен‚ я кхин а гергахь. Баккъалла а, Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш ву

    16:77
  2. وَاللَّهُ أَخْرَجَكُمْ مِنْ بُطُونِ أُمَّهَاتِكُمْ لَا تَعْلَمُونَ شَيْئًا وَجَعَلَ لَكُمُ السَّمْعَ وَالْأَبْصَارَ وَالْأَفْئِدَةَ ۙ لَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    Дала схьадаьхна шу шайн нанойн кийрара‚ хӀумма хууш дацара шу. Цо шуна лерса а‚ бӀаьрса а‚ дегнаш а хилийтира (делира)‚ шу хила мегар-кх баркалла олуш

    16:78
  3. أَلَمْ يَرَوْا إِلَى الطَّيْرِ مُسَخَّرَاتٍ فِي جَوِّ السَّمَاءِ مَا يُمْسِكُهُنَّ إِلَّا اللَّهُ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Царна ца го-те олхазарш‚ стиглан хӀаваэхь /тмадевлла Дала/ аьтто бина долчу? Уьш ца сецадо /стиглахь/ Дала бен. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду тешаш болчу нахана

    16:79
  4. وَاللَّهُ جَعَلَ لَكُمْ مِنْ بُيُوتِكُمْ سَكَنًا وَجَعَلَ لَكُمْ مِنْ جُلُودِ الْأَنْعَامِ بُيُوتًا تَسْتَخِفُّونَهَا يَوْمَ ظَعْنِكُمْ وَيَوْمَ إِقَامَتِكُمْ ۙ وَمِنْ أَصْوَافِهَا وَأَوْبَارِهَا وَأَشْعَارِهَا أَثَاثًا وَمَتَاعًا إِلَىٰ حِينٍ

    Дала шуна хилийтина шун гшлойх /паргт чохь н/ хӀусамаш‚ Цо хилийтина шуна хьайбанийн цканех хсамаш‚ шаьш шуна еза а йоцуш шу дӀа-схьадоьлхучу дийнахь а‚ шу / сада/ севцинчу дийнахь а; церан (уьстагйн) тӀаргӀанах а‚ /эмкалийн/ тргнах а‚ /гезарийн/ чох (тргнах) а шуна йийбар (салпал) а ю‚ цхьана ханна пайдаэца хӀуманаш а ю

    16:80
  5. وَاللَّهُ جَعَلَ لَكُمْ مِمَّا خَلَقَ ظِلَالًا وَجَعَلَ لَكُمْ مِنَ الْجِبَالِ أَكْنَانًا وَجَعَلَ لَكُمْ سَرَابِيلَ تَقِيكُمُ الْحَرَّ وَسَرَابِيلَ تَقِيكُمْ بَأْسَكُمْ ۚ كَذَٰلِكَ يُتِمُّ نِعْمَتَهُ عَلَيْكُمْ لَعَلَّكُمْ تُسْلِمُونَ

    Дала хилийтина шуна Ша кхоьллинчух ӀиндагӀ‚ Цо хилийтина шуна лаьмнех лочӀкъийла‚ Цо хилийтина шуна духар, шу лардеш йовхонах‚ хилийтина духар (тман духар) а шу лардеш вовшийн ницкъах (дераллах). Иштта кхочушдо Дала Шен ниӀмат шуна тӀехь, шу хилархьама муьтхь хилла

    16:81
  6. فَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنَّمَا عَلَيْكَ الْبَلَاغُ الْمُبِينُ

    Уьш дӀаберзахь – хьуна тӀехь билгал дӀакхачор ду /Тхан элчалалла/

    16:82
  7. يَعْرِفُونَ نِعْمَتَ اللَّهِ ثُمَّ يُنْكِرُونَهَا وَأَكْثَرُهُمُ الْكَافِرُونَ

    Делан ниӀмат девза царна‚ тӀаккха а инкарло йо цара цунна‚ царах дукхахберш керстанаш бу

    16:83

Гочдар: Магомед Магомедов