Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 84 – 89

  1. وَيَوْمَ نَبْعَثُ مِنْ كُلِّ أُمَّةٍ شَهِيدًا ثُمَّ لَا يُؤْذَنُ لِلَّذِينَ كَفَرُوا وَلَا هُمْ يُسْتَعْتَبُونَ

    Оцу дийнахь (къематдийнахь) Оха вохуьйтур ву хӀор умматах теш‚ тӀаккха керстанашна (дохкобовла) пурба лур дац‚ цаьрга бехказлонаш а ялайойтур яц

    16:84
  2. وَإِذَا رَأَى الَّذِينَ ظَلَمُوا الْعَذَابَ فَلَا يُخَفَّفُ عَنْهُمْ وَلَا هُمْ يُنْظَرُونَ

    Зуламхошна (Делах цатешначарна) Ӏазап гича‚ царна и дайдийр а дац‚ тӀаьхьатоттур а бац уьш (цунах)

    16:85
  3. وَإِذَا رَأَى الَّذِينَ أَشْرَكُوا شُرَكَاءَهُمْ قَالُوا رَبَّنَا هَٰؤُلَاءِ شُرَكَاؤُنَا الَّذِينَ كُنَّا نَدْعُو مِنْ دُونِكَ ۖ فَأَلْقَوْا إِلَيْهِمُ الْقَوْلَ إِنَّكُمْ لَكَاذِبُونَ

    /Делаца/ накъост лаьцначара шайн 'накъостий' гича‚ эр ду: 'Тхо Кхиош-Кхобург‚ хӀорш бу тхан накъостий‚ Оха шайга, Хьо а витина, кхойкхуш хилла болу'. Цара цаьрга дош кхуссур ду: 'Баккъалла а, шу харцлуьйш дерш ду-кх'‚ аьлла

    16:86
  4. وَأَلْقَوْا إِلَى اللَّهِ يَوْمَئِذٍ السَّلَمَ ۖ وَضَلَّ عَنْهُمْ مَا كَانُوا يَفْتَرُونَ

    Деле кховдор ю цара оцу дийнахь мукӀарло‚ дӀакъаьстар ду царах цара (хапц) кхуллуш хилларг

    16:87
  5. الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ زِدْنَاهُمْ عَذَابًا فَوْقَ الْعَذَابِ بِمَا كَانُوا يُفْسِدُونَ

    Цатешначарна а‚ Делан некъах /нах/ дтилинчарна а Оха тӀетухур ду Ӏазапа тӀе а Ӏазап уьш боьханиг деш хиларна

    16:88
  6. وَيَوْمَ نَبْعَثُ فِي كُلِّ أُمَّةٍ شَهِيدًا عَلَيْهِمْ مِنْ أَنْفُسِهِمْ ۖ وَجِئْنَا بِكَ شَهِيدًا عَلَىٰ هَٰؤُلَاءِ ۚ وَنَزَّلْنَا عَلَيْكَ الْكِتَابَ تِبْيَانًا لِكُلِّ شَيْءٍ وَهُدًى وَرَحْمَةً وَبُشْرَىٰ لِلْمُسْلِمِينَ

    Оцу дийнахь хӀор умматна т Оха вохуьйтур ву (шайгахьа волу а-тешаш хиллачарна) шайна дуьхьал волу а – цатешачарна) теш царах шайх‚ хьо (хй Мухьаммад) валор ву Оха хӀокхарна /шайгахьа волу а, шайна /дуьхьал волу а теш хилла. Хьоьга жайна доссийна Оха ша массо а хӀуманан билгало хилла долу‚ ша бусалбанашна нийса некъ а‚ къинхетам а‚ кхаъ а хилла долу

    16:89

Гочдар: Магомед Магомедов