Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 90 – 100
-
إِنَّ اللَّهَ يَأْمُرُ بِالْعَدْلِ وَالْإِحْسَانِ وَإِيتَاءِ ذِي الْقُرْبَىٰ وَيَنْهَىٰ عَنِ الْفَحْشَاءِ وَالْمُنْكَرِ وَالْبَغْيِ ۚ يَعِظُكُمْ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ
Баккъалла а, Дала омра до нийсо‚ диканиг /леладе олий/ а‚ гергарчарна /сагӀа/ далар а; ца магадо /Дала/ боьханиг а‚ вониг а‚ хьагӀ а. Цо шуна хьехам бо; хьехам тӀелоцур бацара-те аш
16:90 -
وَأَوْفُوا بِعَهْدِ اللَّهِ إِذَا عَاهَدْتُمْ وَلَا تَنْقُضُوا الْأَيْمَانَ بَعْدَ تَوْكِيدِهَا وَقَدْ جَعَلْتُمُ اللَّهَ عَلَيْكُمْ كَفِيلًا ۚ إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا تَفْعَلُونَ
Делаца йина чӀагӀо кхочушъе‚ шаьш чӀагӀо йинчул тӀаьхьа‚ дуйнаш ма къарбе, шаьш уьш чӀагӀбинчул тӀаьхьа: аш Дела ма вина шайна тӀехь теш. Баккъалла а, Далла хаьа аш дийриг
16:91 -
وَلَا تَكُونُوا كَالَّتِي نَقَضَتْ غَزْلَهَا مِنْ بَعْدِ قُوَّةٍ أَنْكَاثًا تَتَّخِذُونَ أَيْمَانَكُمْ دَخَلًا بَيْنَكُمْ أَنْ تَكُونَ أُمَّةٌ هِيَ أَرْبَىٰ مِنْ أُمَّةٍ ۚ إِنَّمَا يَبْلُوكُمُ اللَّهُ بِهِ ۚ وَلَيُبَيِّنَنَّ لَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ مَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ
Шу ма хилалаш шен уьйриг баьстинчу зудчух тера, ша и хала бинчул тӀаьхьа‚ шайн дуйнех вовшашна юккъехь пайдаоьцуш‚ цхьаберш вукхарал хьал сов долуш хилийтархьама. Дала шу цуьнца (ваа кхочушъе аларца) зуьйш ду. Цо шуна къематдийнахь билгалдийр ду шу шена чохь хилпало еш хилларг
16:92 -
وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَجَعَلَكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَلَٰكِنْ يُضِلُّ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۚ وَلَتُسْأَلُنَّ عَمَّا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Далла лиънехьара, Цо шу цхьа уммат хуьлуьйтур дара‚ делахь а, Цо тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нисво Шена луург. Шуьга /къематдийнахь/ хаттанза дуьтур ма дац аш /дуьненахь/ лелош хиллачух
16:93 -
وَلَا تَتَّخِذُوا أَيْمَانَكُمْ دَخَلًا بَيْنَكُمْ فَتَزِلَّ قَدَمٌ بَعْدَ ثُبُوتِهَا وَتَذُوقُوا السُّوءَ بِمَا صَدَدْتُمْ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۖ وَلَكُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Шайн дуйнех вовшашна юккъехь харцонаш ма елаш – шайн ког ца шаршийта и чӀагӀбелла лаьтташ хиллачул тӀаьхьа‚ /аш и хманаш дахь/ вониг Ӏовшур ду аш шаьш Делан некъах /нах/ тилорна‚ шуна деза- доккха Ӏазап а хир ду
16:94 -
وَلَا تَشْتَرُوا بِعَهْدِ اللَّهِ ثَمَنًا قَلِيلًا ۚ إِنَّمَا عِنْدَ اللَّهِ هُوَ خَيْرٌ لَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ
Ма эца Делан ваӀданах кӀеззиг мах! Баккъалла а, Далла гергахь дерг дика ду шуна‚ шу хууш хиллехь
16:95 -
مَا عِنْدَكُمْ يَنْفَدُ ۖ وَمَا عِنْدَ اللَّهِ بَاقٍ ۗ وَلَنَجْزِيَنَّ الَّذِينَ صَبَرُوا أَجْرَهُمْ بِأَحْسَنِ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Шуьгахь дерг кхачалур ду‚ Далла гергахь дерг бухадуьсур ду. Собаре хиллачарна дӀаялаза юьтур ма яц Оха шайн ял цара деш хиллачух уггар хазачуьнца
16:96 -
مَنْ عَمِلَ صَالِحًا مِنْ ذَكَرٍ أَوْ أُنْثَىٰ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَلَنُحْيِيَنَّهُ حَيَاةً طَيِّبَةً ۖ وَلَنَجْزِيَنَّهُمْ أَجْرَهُمْ بِأَحْسَنِ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Дика Ӏамал йинарг‚ боьрша стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъмин болуш – уьш денбийр ма бу Оха хазчу дāхарца‚ церан ял дӀалур ма ю Оха цара деш хиллачух уггар хазчуьнца
16:97 -
فَإِذَا قَرَأْتَ الْقُرْآنَ فَاسْتَعِذْ بِاللَّهِ مِنَ الشَّيْطَانِ الرَّجِيمِ
Айхьа Къуръан доьшуш‚ Деле ларвалар дехалахь, тӀулгаш кхуьссуш, эккхочу шайтӀанах
16:98 -
إِنَّهُ لَيْسَ لَهُ سُلْطَانٌ عَلَى الَّذِينَ آمَنُوا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
Баккъалла а, цуьнан бакъо яц, ийман а диллина, шайн Кхиош-Кхобучунна тӀетовжуш болчарна тӀехь
16:99 -
إِنَّمَا سُلْطَانُهُ عَلَى الَّذِينَ يَتَوَلَّوْنَهُ وَالَّذِينَ هُمْ بِهِ مُشْرِكُونَ
Цуьнан бакъо ю шех /шайна/ верасалла лелочарна тӀехь а‚ шаьш цунах (Делаца) накъост лоцучарна тӀехь а
16:100
Гочдар: Магомед Магомедов