Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 91 – 94
-
وَأَوْفُوا بِعَهْدِ اللَّهِ إِذَا عَاهَدْتُمْ وَلَا تَنْقُضُوا الْأَيْمَانَ بَعْدَ تَوْكِيدِهَا وَقَدْ جَعَلْتُمُ اللَّهَ عَلَيْكُمْ كَفِيلًا ۚ إِنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا تَفْعَلُونَ
Делаца йина чӀагӀо кхочушъе‚ шаьш чӀагӀо йинчул тӀаьхьа‚ дуйнаш ма къарбе, шаьш уьш чӀагӀбинчул тӀаьхьа: аш Дела ма вина шайна тӀехь теш. Баккъалла а, Далла хаьа аш дийриг
16:91 -
وَلَا تَكُونُوا كَالَّتِي نَقَضَتْ غَزْلَهَا مِنْ بَعْدِ قُوَّةٍ أَنْكَاثًا تَتَّخِذُونَ أَيْمَانَكُمْ دَخَلًا بَيْنَكُمْ أَنْ تَكُونَ أُمَّةٌ هِيَ أَرْبَىٰ مِنْ أُمَّةٍ ۚ إِنَّمَا يَبْلُوكُمُ اللَّهُ بِهِ ۚ وَلَيُبَيِّنَنَّ لَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ مَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ
Шу ма хилалаш шен уьйриг баьстинчу зудчух тера, ша и хала бинчул тӀаьхьа‚ шайн дуйнех вовшашна юккъехь пайдаоьцуш‚ цхьаберш вукхарал хьал сов долуш хилийтархьама. Дала шу цуьнца (ваа кхочушъе аларца) зуьйш ду. Цо шуна къематдийнахь билгалдийр ду шу шена чохь хилпало еш хилларг
16:92 -
وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَجَعَلَكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَلَٰكِنْ يُضِلُّ مَنْ يَشَاءُ وَيَهْدِي مَنْ يَشَاءُ ۚ وَلَتُسْأَلُنَّ عَمَّا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Далла лиънехьара, Цо шу цхьа уммат хуьлуьйтур дара‚ делахь а, Цо тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нисво Шена луург. Шуьга /къематдийнахь/ хаттанза дуьтур ма дац аш /дуьненахь/ лелош хиллачух
16:93 -
وَلَا تَتَّخِذُوا أَيْمَانَكُمْ دَخَلًا بَيْنَكُمْ فَتَزِلَّ قَدَمٌ بَعْدَ ثُبُوتِهَا وَتَذُوقُوا السُّوءَ بِمَا صَدَدْتُمْ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ ۖ وَلَكُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Шайн дуйнех вовшашна юккъехь харцонаш ма елаш – шайн ког ца шаршийта и чӀагӀбелла лаьтташ хиллачул тӀаьхьа‚ /аш и хманаш дахь/ вониг Ӏовшур ду аш шаьш Делан некъах /нах/ тилорна‚ шуна деза- доккха Ӏазап а хир ду
16:94
Гочдар: Магомед Магомедов