Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 101 – 111
-
وَلَقَدْ آتَيْنَا مُوسَىٰ تِسْعَ آيَاتٍ بَيِّنَاتٍ ۖ فَاسْأَلْ بَنِي إِسْرَائِيلَ إِذْ جَاءَهُمْ فَقَالَ لَهُ فِرْعَوْنُ إِنِّي لَأَظُنُّكَ يَا مُوسَىٰ مَسْحُورًا
Оха делира Мусага исс билгала долу делил. Ахь хаттал Исраилан кӀенташка: иза (Муса) царна т веъча‚ ФирӀавна цуьнга ма элира: 'Суна хета хьо‚ Муса‚ /наха/ хьайна бозбуунчалла дина верг ву'
17:101 -
قَالَ لَقَدْ عَلِمْتَ مَا أَنْزَلَ هَٰؤُلَاءِ إِلَّا رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ بَصَائِرَ وَإِنِّي لَأَظُنُّكَ يَا فِرْعَوْنُ مَثْبُورًا
Цо элира: 'Хьуна хиъна: хӀорш ца диссийна стигланийн а‚ лаьттан а Эло бен‚ гуш йолу билгалонаш а йолуш. Суна хета‚ хӀай ФирӀавн‚ хьо хӀаллакхир ву'
17:102 -
فَأَرَادَ أَنْ يَسْتَفِزَّهُمْ مِنَ الْأَرْضِ فَأَغْرَقْنَاهُ وَمَنْ مَعَهُ جَمِيعًا
ТӀаккха цунна (ФирӀавнна) лиира уьш (Исраилан кӀентий) лаьттара (Мисрара) длахка‚ Оха иза а‚ цуьнца мел верг - массо а хина бухавахийтира
17:103 -
وَقُلْنَا مِنْ بَعْدِهِ لِبَنِي إِسْرَائِيلَ اسْكُنُوا الْأَرْضَ فَإِذَا جَاءَ وَعْدُ الْآخِرَةِ جِئْنَا بِكُمْ لَفِيفًا
Оха элира цул тӀаьхьа Исраилан кӀенташка: '(Хкху) лаьттахь дāха‚ эхартан (къематде хттаран) ваӀда деъча‚ Оха шу ддуьгур ду /Далла хьалха/ вовшашца ийна /ийман диллинарг – керста, диканиг – вониг/'
17:104 -
وَبِالْحَقِّ أَنْزَلْنَاهُ وَبِالْحَقِّ نَزَلَ ۗ وَمَا أَرْسَلْنَاكَ إِلَّا مُبَشِّرًا وَنَذِيرًا
Бакъдолчуьнца доссийна Оха иза /Къуръан/‚ бакъдолчуьнца доьссина иза /Далла гергара/. Хьо ца ваийтина Оха хаамча а‚ кхерамча а волчу хьолехь бен
17:105 -
وَقُرْآنًا فَرَقْنَاهُ لِتَقْرَأَهُ عَلَى النَّاسِ عَلَىٰ مُكْثٍ وَنَزَّلْنَاهُ تَنْزِيلًا
Къуръанан а дакъош а дина Оха хьоьга и паргӀат дешийта нахана. Оха и доссийна кӀез-кӀеззиг доссорца
17:106 -
قُلْ آمِنُوا بِهِ أَوْ لَا تُؤْمِنُوا ۚ إِنَّ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ مِنْ قَبْلِهِ إِذَا يُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ يَخِرُّونَ لِلْأَذْقَانِ سُجَّدًا
Ахь āла: 'Теша цунах‚ я ма теша (Къуръанах)! Баккъалла а, шайна цул хьалха Ӏилма делларш и (Къуръан), шайна доьшуш, чӀенигишна тӀе гуора оьгу'
17:107 -
وَيَقُولُونَ سُبْحَانَ رَبِّنَا إِنْ كَانَ وَعْدُ رَبِّنَا لَمَفْعُولًا
Цара (лма деллачара) олу: 'Вонах цӀена ву тхан Кхиош-Кхобург‚ тхан Кхиош-Кхобучун ваӀда кхочушхилла'
17:108 -
وَيَخِرُّونَ لِلْأَذْقَانِ يَبْكُونَ وَيَزِيدُهُمْ خُشُوعًا ۩
ЧӀенигашна тӀе иэга уьш, боьлхуш‚ цо (Къуръан дешаро) уьш совбоху /Далла/ муьтӀахь хиларца
17:109 -
قُلِ ادْعُوا اللَّهَ أَوِ ادْعُوا الرَّحْمَٰنَ ۖ أَيًّا مَا تَدْعُوا فَلَهُ الْأَسْمَاءُ الْحُسْنَىٰ ۚ وَلَا تَجْهَرْ بِصَلَاتِكَ وَلَا تُخَافِتْ بِهَا وَابْتَغِ بَيْنَ ذَٰلِكَ سَبِيلًا
Ахь āла: 'Шу кхайкха /Деле/ АллахӀ алий‚ я Къинхетаме верг алий. Шу муьлхачуьнца (црца) кхайкхахь а /дика ду/‚ Цуьнан хаза цӀерш ю'. Хьайн ламаз дукха чӀогӀа (аз айдина) а ма де‚ сов меллаша (аз лагина) а ма де‚ цу юккъехь некъ лаха хьайна (юккъерчу барамехь)
17:110 -
وَقُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي لَمْ يَتَّخِذْ وَلَدًا وَلَمْ يَكُنْ لَهُ شَرِيكٌ فِي الْمُلْكِ وَلَمْ يَكُنْ لَهُ وَلِيٌّ مِنَ الذُّلِّ ۖ وَكَبِّرْهُ تَكْبِيرًا
Ахь āла: 'Хастам бу Далла, доьзалхо (Шена) ца лаьцначу‚ Шена паччахьаллехь /мулкехь/ накъост (оьшуш) ца хиллачу. Сийсазаллах /ларван/ гӀоьнча а ца эшна Цунна'. Воккха виэ Иза воккхаварца!
17:111
Гочдар: Магомед Магомедов