Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 105 – 111
-
وَبِالْحَقِّ أَنْزَلْنَاهُ وَبِالْحَقِّ نَزَلَ ۗ وَمَا أَرْسَلْنَاكَ إِلَّا مُبَشِّرًا وَنَذِيرًا
Бакъдолчуьнца доссийна Оха иза /Къуръан/‚ бакъдолчуьнца доьссина иза /Далла гергара/. Хьо ца ваийтина Оха хаамча а‚ кхерамча а волчу хьолехь бен
17:105 -
وَقُرْآنًا فَرَقْنَاهُ لِتَقْرَأَهُ عَلَى النَّاسِ عَلَىٰ مُكْثٍ وَنَزَّلْنَاهُ تَنْزِيلًا
Къуръанан а дакъош а дина Оха хьоьга и паргIат дешийта нахана. Оха и доссийна кIез-кIеззиг доссорца
17:106 -
قُلْ آمِنُوا بِهِ أَوْ لَا تُؤْمِنُوا ۚ إِنَّ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ مِنْ قَبْلِهِ إِذَا يُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ يَخِرُّونَ لِلْأَذْقَانِ سُجَّدًا
Ахь āла: 'Теша цунах‚ я ма теша (Къуръанах)! Баккъалла а, шайна цул хьалха Iилма делларш и (Къуръан), шайна доьшуш, чIенигишна тIе гуора оьгу'
17:107 -
وَيَقُولُونَ سُبْحَانَ رَبِّنَا إِنْ كَانَ وَعْدُ رَبِّنَا لَمَفْعُولًا
Цара (лма деллачара) олу: 'Вонах цIена ву тхан Кхиош-Кхобург‚ тхан Кхиош-Кхобучун ваIда кхочушхилла'
17:108 -
وَيَخِرُّونَ لِلْأَذْقَانِ يَبْكُونَ وَيَزِيدُهُمْ خُشُوعًا ۩
ЧIенигашна тIе иэга уьш, боьлхуш‚ цо (Къуръан дешаро) уьш совбоху /Далла/ муьтIахь хиларца
17:109 -
قُلِ ادْعُوا اللَّهَ أَوِ ادْعُوا الرَّحْمَٰنَ ۖ أَيًّا مَا تَدْعُوا فَلَهُ الْأَسْمَاءُ الْحُسْنَىٰ ۚ وَلَا تَجْهَرْ بِصَلَاتِكَ وَلَا تُخَافِتْ بِهَا وَابْتَغِ بَيْنَ ذَٰلِكَ سَبِيلًا
Ахь āла: 'Шу кхайкха /Деле/ АллахI алий‚ я Къинхетаме верг алий. Шу муьлхачуьнца (црца) кхайкхахь а /дика ду/‚ Цуьнан хаза цIерш ю'. Хьайн ламаз дукха чIогIа (аз айдина) а ма де‚ сов меллаша (аз лагина) а ма де‚ цу юккъехь некъ лаха хьайна (юккъерчу барамехь)
17:110 -
وَقُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي لَمْ يَتَّخِذْ وَلَدًا وَلَمْ يَكُنْ لَهُ شَرِيكٌ فِي الْمُلْكِ وَلَمْ يَكُنْ لَهُ وَلِيٌّ مِنَ الذُّلِّ ۖ وَكَبِّرْهُ تَكْبِيرًا
Ахь āла: 'Хастам бу Далла, доьзалхо (Шена) ца лаьцначу‚ Шена паччахьаллехь /мулкехь/ накъост (оьшуш) ца хиллачу. Сийсазаллах /ларван/ гIоьнча а ца эшна Цунна'. Воккха виэ Иза воккхаварца!
17:111
Гочдар: Магомед Магомедов