Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 23 – 30

  1. وَقَضَىٰ رَبُّكَ أَلَّا تَعْبُدُوا إِلَّا إِيَّاهُ وَبِالْوَالِدَيْنِ إِحْسَانًا ۚ إِمَّا يَبْلُغَنَّ عِنْدَكَ الْكِبَرَ أَحَدُهُمَا أَوْ كِلَاهُمَا فَلَا تَقُلْ لَهُمَا أُفٍّ وَلَا تَنْهَرْهُمَا وَقُلْ لَهُمَا قَوْلًا كَرِيمًا

    Хьан Кхиош-Кхобучо омра дина: аш Ӏибадат ма делаш Ша воцчунна‚ деца-ненаца дика а хилалаш‚ аьлла. Хьуна гергахь царах цхьаъ я ший а къаналлина тӀекхачахь‚ ахь цу шинга ма алалахь: 'Уффай!'‚ дӀа ма къахкаделахь и шиъ‚ ахь алалахь цу шинга хаза дош

    17:23
  2. وَاخْفِضْ لَهُمَا جَنَاحَ الذُّلِّ مِنَ الرَّحْمَةِ وَقُلْ رَبِّ ارْحَمْهُمَا كَمَا رَبَّيَانِي صَغِيرًا

    Ахь охьабахийта цу шинна къинхетамах муьтӀахь хиларан тӀам‚ āла: 'Сан Кхиош-кхобург‚ къинхетам бехьа цу шиннах‚ цу шиммо жима волуш (терго еш) со кхиорах терра'

    17:24
  3. رَبُّكُمْ أَعْلَمُ بِمَا فِي نُفُوسِكُمْ ۚ إِنْ تَكُونُوا صَالِحِينَ فَإِنَّهُ كَانَ لِلْأَوَّابِينَ غَفُورًا

    Шун Кхиош-Кхобург дика хууш ву шун дегнашкахь дерг. Шу дика хилахь – баккъалла, Иза хилла /даггара тōба дарца/ Шена тӀебоьрзучарна гечдеш

    17:25
  4. وَآتِ ذَا الْقُرْبَىٰ حَقَّهُ وَالْمِسْكِينَ وَابْنَ السَّبِيلِ وَلَا تُبَذِّرْ تَبْذِيرًا

    Гергарчунна шен хьакъ дӀало‚ мискачунна а‚ некъахочунна а /дӀало церан хьаккъаш/‚ дайа ма дайа /хьайн хӀума/ эрна

    17:26
  5. إِنَّ الْمُبَذِّرِينَ كَانُوا إِخْوَانَ الشَّيَاطِينِ ۖ وَكَانَ الشَّيْطَانُ لِرَبِّهِ كَفُورًا

    Эрна дойуш берш хилла шайтӀанийн вежарий‚ ткъа шайтӀа шен Кхиош-Кхобучунна керста хилла

    17:27
  6. وَإِمَّا تُعْرِضَنَّ عَنْهُمُ ابْتِغَاءَ رَحْمَةٍ مِنْ رَبِّكَ تَرْجُوهَا فَقُلْ لَهُمْ قَوْلًا مَيْسُورًا

    Нагахь хьо царах (гергарачарах, мискачарах, некъахойх - царна сагӀина дала хӀума доцуш) двирзинехь, хьайн Кхиош-Кхобучун къинхетам безаш (Делан къинхетамах рицкъ дезаш), и хиларе сатуьйсуш а волуш, /тккха оцунах царна сагна дала дагахь/, ахь цаьрга алалахь кда-мерза дош

    17:28
  7. وَلَا تَجْعَلْ يَدَكَ مَغْلُولَةً إِلَىٰ عُنُقِكَ وَلَا تَبْسُطْهَا كُلَّ الْبَسْطِ فَتَقْعُدَ مَلُومًا مَحْسُورًا

    Ма хилийта хьайн куьг хьайн логах дихкина‚ даржа а ма де и дерриг даржорца тккха (и дахь) охьахуур ву хьо бехкаме а хилла‚ гӀайгӀане а вахана

    17:29
  8. إِنَّ رَبَّكَ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَقْدِرُ ۚ إِنَّهُ كَانَ بِعِبَادِهِ خَبِيرًا بَصِيرًا

    Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо рицкъ даржадо Шена луучунна /шортта/‚ барам а бо. Баккъалла а, Иза хилла Шен леш дика бевзаш а‚ гуш а

    17:30

Гочдар: Магомед Магомедов