Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 31 – 40

  1. وَلَا تَقْتُلُوا أَوْلَادَكُمْ خَشْيَةَ إِمْلَاقٍ ۖ نَحْنُ نَرْزُقُهُمْ وَإِيَّاكُمْ ۚ إِنَّ قَتْلَهُمْ كَانَ خِطْئًا كَبِيرًا

    Ма дайа шайн бераш мискаллах кхоьруш – Оха кхобур бу уьш а‚ шу а. Баккъалла а, уьш байар хилла доккха гӀалат

    17:31
  2. وَلَا تَقْرَبُوا الزِّنَا ۖ إِنَّهُ كَانَ فَاحِشَةً وَسَاءَ سَبِيلًا

    Зинана герга ма гӀолаш‚ баккъалла а, и ду ирчаниг‚ и бу боьха некъ /жоьжахате вуьгуш/

    17:32
  3. وَلَا تَقْتُلُوا النَّفْسَ الَّتِي حَرَّمَ اللَّهُ إِلَّا بِالْحَقِّ ۗ وَمَنْ قُتِلَ مَظْلُومًا فَقَدْ جَعَلْنَا لِوَلِيِّهِ سُلْطَانًا فَلَا يُسْرِفْ فِي الْقَتْلِ ۖ إِنَّهُ كَانَ مَنْصُورًا

    Ма делаш Дала /ден/ хьарам дина долу са бакъонций бен. Шена тхь зулам а деш вийнарг – Оха цуьнан верасна (ирс оьцучунна) бакъо елла /чӀир эца/‚ байарехь тӀех ма волийла иза. Баккъалла а, иза (веллачун верас) хир ву (Дала) шена (чр эца) гӀо динарг

    17:33
  4. وَلَا تَقْرَبُوا مَالَ الْيَتِيمِ إِلَّا بِالَّتِي هِيَ أَحْسَنُ حَتَّىٰ يَبْلُغَ أَشُدَّهُ ۚ وَأَوْفُوا بِالْعَهْدِ ۖ إِنَّ الْعَهْدَ كَانَ مَسْئُولًا

    Шу герга ма гӀолаш боберан даьхнина уггар дикчуьнца (цунна пайдехь) бен и /кхоччуш/ гметтахтталц. Ӏалашбе барт (шайн кхечаьрца хилла чӀагӀонаш). Баккъалла а, барт жоьпалле хилла. (Дала жоп доьхур ду цунах)

    17:34
  5. وَأَوْفُوا الْكَيْلَ إِذَا كِلْتُمْ وَزِنُوا بِالْقِسْطَاسِ الْمُسْتَقِيمِ ۚ ذَٰلِكَ خَيْرٌ وَأَحْسَنُ تَأْوِيلًا

    Нийсо е (шаьш нахана хманаш) юстарехь, шаьш юстучу хенахь)‚ озалаш нийсачу терзанца. Иза дика а ду‚ мелхо а хаза а ду тӀаьхьенгахь (эхартахь мела хиларца)

    17:35
  6. وَلَا تَقْفُ مَا لَيْسَ لَكَ بِهِ عِلْمٌ ۚ إِنَّ السَّمْعَ وَالْبَصَرَ وَالْفُؤَادَ كُلُّ أُولَٰئِكَ كَانَ عَنْهُ مَسْئُولًا

    Хьо тӀаьхьа ма хӀотталахь хьайгахь Ӏилма доцчу хманна. Баккъалла а, лерса а‚ бӀаьрса а‚ дог а – уьш дерриг хир ду цунах жоп доьхур долуш (къематдийнахь)

    17:36
  7. وَلَا تَمْشِ فِي الْأَرْضِ مَرَحًا ۖ إِنَّكَ لَنْ تَخْرِقَ الْأَرْضَ وَلَنْ تَبْلُغَ الْجِبَالَ طُولًا

    Ма лелалахь лаьтта тӀехь кураллица – баккъалла а, ахь лаьттан бух охкур ма бац‚ ламанан локхалле а кхочур ма вац хьо!

    17:37
  8. كُلُّ ذَٰلِكَ كَانَ سَيِّئُهُ عِنْدَ رَبِّكَ مَكْرُوهًا

    Оцу дерригенан вониг хьан Кхиош-Кхобучунна гергахь ца дезаш хилла (ду)

    17:38
  9. ذَٰلِكَ مِمَّا أَوْحَىٰ إِلَيْكَ رَبُّكَ مِنَ الْحِكْمَةِ ۗ وَلَا تَجْعَلْ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ فَتُلْقَىٰ فِي جَهَنَّمَ مَلُومًا مَدْحُورًا

    И ду хьан Кхиош-Кхобучо хьоьга ваьхьица хаийтинчу хьикматах. Ма хилийта Делаца кхин дела – тӀаккха жоьжахати чукхуссур ву хьо бехкаме а хилла (хир волуш)‚ /массо а диканах/ юха а тоьхна

    17:39
  10. أَفَأَصْفَاكُمْ رَبُّكُمْ بِالْبَنِينَ وَاتَّخَذَ مِنَ الْمَلَائِكَةِ إِنَاثًا ۚ إِنَّكُمْ لَتَقُولُونَ قَوْلًا عَظِيمًا

    Ткъа шу хаьржина шун Кхиош-Кхобучо кӀенташца‚ Шена маликех йорий бина? Баккъалла а, шу олуш ма ду (шен ирчаллица) деза-доккха дош

    17:40

Гочдар: Магомед Магомедов