Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 41 – 52

  1. وَلَقَدْ صَرَّفْنَا فِي هَٰذَا الْقُرْآنِ لِيَذَّكَّرُوا وَمَا يَزِيدُهُمْ إِلَّا نُفُورًا

    Оха /массо а хӀума/ билгалдина хӀокху Къуръан чохь царна (адамашна) дагадаийтархьама – цо-м (оцу билгалдаро) уьш алсам ца боху /бакъдолчух/ дӀакъахкарций бен

    17:41
  2. قُلْ لَوْ كَانَ مَعَهُ آلِهَةٌ كَمَا يَقُولُونَ إِذًا لَابْتَغَوْا إِلَىٰ ذِي الْعَرْشِ سَبِيلًا

    Ахь āла: 'Цуьнца кхин делий хилча‚ цара ма-бохху, – Ӏарш йолчунна (Далла) тӀе некъ лохур ма бара цара (и рш длаца грташ, дерриге паччахьалла шайн карадерзо лууш)'

    17:42
  3. سُبْحَانَهُ وَتَعَالَىٰ عَمَّا يَقُولُونَ عُلُوًّا كَبِيرًا

    Вонах цӀена ву Иза‚ тх лаккхавели Иза цара (керстанаша) дуьйцучух

    17:43
  4. تُسَبِّحُ لَهُ السَّمَاوَاتُ السَّبْعُ وَالْأَرْضُ وَمَنْ فِيهِنَّ ۚ وَإِنْ مِنْ شَيْءٍ إِلَّا يُسَبِّحُ بِحَمْدِهِ وَلَٰكِنْ لَا تَفْقَهُونَ تَسْبِيحَهُمْ ۗ إِنَّهُ كَانَ حَلِيمًا غَفُورًا

    Цунна тасбихь деш ю ворхӀ стигал а‚ латта а‚ царна чохь мел берш а (Дала мел кхоьллина хма). Цуьнан хастамца тасбихь ца деш хӀумма а яц‚ делахь а, шу (хй адамаш) ца кхета церан тасбихьах. Баккъалла а, Иза хилла тх собаре а‚ гечдийриг а

    17:44
  5. وَإِذَا قَرَأْتَ الْقُرْآنَ جَعَلْنَا بَيْنَكَ وَبَيْنَ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ حِجَابًا مَسْتُورًا

    Ахь Къуръан доьшуш‚ Оха хьуна а‚ эхартах цатешачарна а юккъехь хилийтина хьулдина кирхьа

    17:45
  6. وَجَعَلْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ أَكِنَّةً أَنْ يَفْقَهُوهُ وَفِي آذَانِهِمْ وَقْرًا ۚ وَإِذَا ذَكَرْتَ رَبَّكَ فِي الْقُرْآنِ وَحْدَهُ وَلَّوْا عَلَىٰ أَدْبَارِهِمْ نُفُورًا

    Оха йина церан дегнашна тӀехь гӀат (ткхоьллина хма), уьш цунах (Къуръанах) ца кхетийта‚ церан лергашна чохь а къоралла ю. Ахь Къуръана чохь веккъа Ша цхьаъ хьайн Кхиош-Кхобург хьехийча‚ уьш юхабовлу, /бакъдолчух/ къаьхкаш

    17:46
  7. نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَسْتَمِعُونَ بِهِ إِذْ يَسْتَمِعُونَ إِلَيْكَ وَإِذْ هُمْ نَجْوَىٰ إِذْ يَقُولُ الظَّالِمُونَ إِنْ تَتَّبِعُونَ إِلَّا رَجُلًا مَسْحُورًا

    Тхо дика хууш ду цара стенга ладуг, хьоьга шаьш ладугӀучу хенахь, /тккха/ къайлаха вовшашка хабарш дуьйцуш, зуламхоша олу: 'Шу тӀаьхьахӀуьттуш ма ду шегахь бозбуунчалла долчу стагана'

    17:47
  8. انْظُرْ كَيْفَ ضَرَبُوا لَكَ الْأَمْثَالَ فَضَلُّوا فَلَا يَسْتَطِيعُونَ سَبِيلًا

    Хьажал‚ муха далийна цара хьуна масалш‚ тилабелла уьш‚ ницкъ ца кхочу церан /нийса/ некъ /каро/

    17:48
  9. وَقَالُوا أَإِذَا كُنَّا عِظَامًا وَرُفَاتًا أَإِنَّا لَمَبْعُوثُونَ خَلْقًا جَدِيدًا

    Цара элира: 'Тхох даьӀахкаш а‚ чим а хилча‚ тхо дендийр ду, керла халкъ а хилла?'

    17:49
  10. قُلْ كُونُوا حِجَارَةً أَوْ حَدِيدًا

    Ахь āла: 'Шух тӀулг я эчиг‚

    17:50
  11. أَوْ خَلْقًا مِمَّا يَكْبُرُ فِي صُدُورِكُمْ ۚ فَسَيَقُولُونَ مَنْ يُعِيدُنَا ۖ قُلِ الَّذِي فَطَرَكُمْ أَوَّلَ مَرَّةٍ ۚ فَسَيُنْغِضُونَ إِلَيْكَ رُءُوسَهُمْ وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هُوَ ۖ قُلْ عَسَىٰ أَنْ يَكُونَ قَرِيبًا

    Я /муьлхха/ кхоьллина хӀума хилча а, ша йоккха хуьлуш йолу шун дегнашкахь /иза а денйийр ю/.' ТӀаккха цара эр ма ду: 'Хьан /дендина/ духадерзор ду тхо?' Ахь āла: 'Дуьххьара шу кхоьллинчо'. ТӀаккха цара шайн кортош лестош хьо волчухьа‚ эр ма ду: 'Маца /хир/ ду иза?' Ахь āла: 'Иза кеста хила тарло'

    17:51
  12. يَوْمَ يَدْعُوكُمْ فَتَسْتَجِيبُونَ بِحَمْدِهِ وَتَظُنُّونَ إِنْ لَبِثْتُمْ إِلَّا قَلِيلًا

    Оцу /къемат/дийнахь Цо шуьга кхойкхур ма ду‚ аш Цунна хастамбарца жоп лур ду‚ шуна моьттур ду шаьш кӀеззиг бен ца йна (дуьненахь я кошахь)

    17:52

Гочдар: Магомед Магомедов