Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 45 – 46

  1. وَإِذَا قَرَأْتَ الْقُرْآنَ جَعَلْنَا بَيْنَكَ وَبَيْنَ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ حِجَابًا مَسْتُورًا

    Ахь Къуръан доьшуш‚ Оха хьуна а‚ эхартах цатешачарна а юккъехь хилийтина хьулдина кирхьа

    17:45
  2. وَجَعَلْنَا عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ أَكِنَّةً أَنْ يَفْقَهُوهُ وَفِي آذَانِهِمْ وَقْرًا ۚ وَإِذَا ذَكَرْتَ رَبَّكَ فِي الْقُرْآنِ وَحْدَهُ وَلَّوْا عَلَىٰ أَدْبَارِهِمْ نُفُورًا

    Оха йина церан дегнашна тӀехь гӀат (ткхоьллина хма), уьш цунах (Къуръанах) ца кхетийта‚ церан лергашна чохь а къоралла ю. Ахь Къуръана чохь веккъа Ша цхьаъ хьайн Кхиош-Кхобург хьехийча‚ уьш юхабовлу, /бакъдолчух/ къаьхкаш

    17:46

Гочдар: Магомед Магомедов