Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 53 – 55

  1. وَقُلْ لِعِبَادِي يَقُولُوا الَّتِي هِيَ أَحْسَنُ ۚ إِنَّ الشَّيْطَانَ يَنْزَغُ بَيْنَهُمْ ۚ إِنَّ الشَّيْطَانَ كَانَ لِلْإِنْسَانِ عَدُوًّا مُبِينًا

    Ахь āла Сан лешка‚ цара олийла (шаьш къамелаш деш) уггаре диканиг. Баккъалла а, шайтIано царна юккъе дов туьссу. Баккъалла а, шайтIа адамна къаьсттина мостагI хилла

    17:53
  2. رَبُّكُمْ أَعْلَمُ بِكُمْ ۖ إِنْ يَشَأْ يَرْحَمْكُمْ أَوْ إِنْ يَشَأْ يُعَذِّبْكُمْ ۚ وَمَا أَرْسَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ وَكِيلًا

    Шун Кхиош-Кхобург шу дика девзаш ву. Шена лаахь, къинхетам бийр бу Цо шух‚ я Шена лаахь, Цо шуна Iазап дийр ду. Оха ца вахийтина хьо царна тIехь векал хилла

    17:54
  3. وَرَبُّكَ أَعْلَمُ بِمَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَلَقَدْ فَضَّلْنَا بَعْضَ النَّبِيِّينَ عَلَىٰ بَعْضٍ ۖ وَآتَيْنَا دَاوُودَ زَبُورًا

    Хьан Кхиош-Кхобург дика бевзаш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш. Оха базбина цхьаболу пайхамараш вукхарал‚ Оха делла Давуде Забур

    17:55

Гочдар: Магомед Магомедов