Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 53 – 60

  1. وَقُلْ لِعِبَادِي يَقُولُوا الَّتِي هِيَ أَحْسَنُ ۚ إِنَّ الشَّيْطَانَ يَنْزَغُ بَيْنَهُمْ ۚ إِنَّ الشَّيْطَانَ كَانَ لِلْإِنْسَانِ عَدُوًّا مُبِينًا

    Ахь āла Сан лешка‚ цара олийла (шаьш къамелаш деш) уггаре диканиг. Баккъалла а, шайтӀано царна юккъе дов туьссу. Баккъалла а, шайтӀа адамна къаьсттина мостагӀ хилла

    17:53
  2. رَبُّكُمْ أَعْلَمُ بِكُمْ ۖ إِنْ يَشَأْ يَرْحَمْكُمْ أَوْ إِنْ يَشَأْ يُعَذِّبْكُمْ ۚ وَمَا أَرْسَلْنَاكَ عَلَيْهِمْ وَكِيلًا

    Шун Кхиош-Кхобург шу дика девзаш ву. Шена лаахь, къинхетам бийр бу Цо шух‚ я Шена лаахь, Цо шуна Ӏазап дийр ду. Оха ца вахийтина хьо царна тӀехь векал хилла

    17:54
  3. وَرَبُّكَ أَعْلَمُ بِمَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ وَلَقَدْ فَضَّلْنَا بَعْضَ النَّبِيِّينَ عَلَىٰ بَعْضٍ ۖ وَآتَيْنَا دَاوُودَ زَبُورًا

    Хьан Кхиош-Кхобург дика бевзаш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш. Оха базбина цхьаболу пайхамараш вукхарал‚ Оха делла Давуде Забур

    17:55
  4. قُلِ ادْعُوا الَّذِينَ زَعَمْتُمْ مِنْ دُونِهِ فَلَا يَمْلِكُونَ كَشْفَ الضُّرِّ عَنْكُمْ وَلَا تَحْوِيلًا

    Ахь āла: 'Аш кхайкха шаьш, И /АллахӀ-Дела/ витина, делий бу бохучаьрга /шайна гӀо де алий/'. Церан дōлахь ма дац шуна тӀера зен дайдар а‚ /я и кхечарна т/ дерзор а

    17:56
  5. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ يَدْعُونَ يَبْتَغُونَ إِلَىٰ رَبِّهِمُ الْوَسِيلَةَ أَيُّهُمْ أَقْرَبُ وَيَرْجُونَ رَحْمَتَهُ وَيَخَافُونَ عَذَابَهُ ۚ إِنَّ عَذَابَ رَبِّكَ كَانَ مَحْذُورًا

    Цара шайга кхойкхуш берш шаьш а бу шайн Деле /герга хила/ некъ лоьхуш‚ царах вуно /Далла/ герга верг муьлханиг ву-те /хьоьжуш/. Дог дохуш бу уьш Цуьнан къинхетаме‚ кхоьруш бу Цуьнан Ӏазапах. Баккъалла а, хьан Кхиош- Кхобучун Ӏазап хилла шех лардала дезаш

    17:57
  6. وَإِنْ مِنْ قَرْيَةٍ إِلَّا نَحْنُ مُهْلِكُوهَا قَبْلَ يَوْمِ الْقِيَامَةِ أَوْ مُعَذِّبُوهَا عَذَابًا شَدِيدًا ۚ كَانَ ذَٰلِكَ فِي الْكِتَابِ مَسْطُورًا

    Ма яц цхьа а юрт Оха хӀаллакйийр йоцуш къематде дале‚ я Оха шена чӀогӀа Ӏазап дийр доцуш. И хилла /Лавхь махьфуз/ жайни чохь яздина /хийцалур доцуш/

    17:58
  7. وَمَا مَنَعَنَا أَنْ نُرْسِلَ بِالْآيَاتِ إِلَّا أَنْ كَذَّبَ بِهَا الْأَوَّلُونَ ۚ وَآتَيْنَا ثَمُودَ النَّاقَةَ مُبْصِرَةً فَظَلَمُوا بِهَا ۚ وَمَا نُرْسِلُ بِالْآيَاتِ إِلَّا تَخْوِيفًا

    Тхо духа ца тоьхна Оха аяташ диссорах уьш хьалхалерачара харцдаро бен. Оха елира самудашна эмкал, гуш а йолуш‚ цара цуьнца зулам дира. Оха ца боссабо аяташца кхерам бен

    17:59
  8. وَإِذْ قُلْنَا لَكَ إِنَّ رَبَّكَ أَحَاطَ بِالنَّاسِ ۚ وَمَا جَعَلْنَا الرُّؤْيَا الَّتِي أَرَيْنَاكَ إِلَّا فِتْنَةً لِلنَّاسِ وَالشَّجَرَةَ الْمَلْعُونَةَ فِي الْقُرْآنِ ۚ وَنُخَوِّفُهُمْ فَمَا يَزِيدُهُمْ إِلَّا طُغْيَانًا كَبِيرًا

    Дагадайта: Оха ма элира хьоьга: 'Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобучо нахах гуо биллина'. Оха ца хилийтира Оха хьуна гайтина хилла долу гар а, Къуръан чохь шена неӀалт аьлла долу дитт а нахана питана бен. Оха царна кхерам кхуьссу‚ цо уьш алсам ца боху доккхачу тиларца бен

    17:60

Гочдар: Магомед Магомедов