Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 61 – 70
-
وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ قَالَ أَأَسْجُدُ لِمَنْ خَلَقْتَ طِينًا
Хьахаде, (хй пайхамар): Оха элира маликашка: 'Сужуд де Āдамна'. Цара сужуд дира, иблис доцчо. Цо элира: 'Ас сужуд до ткъа Ахь поппарх кхоьллинчунна?'
17:61 -
قَالَ أَرَأَيْتَكَ هَٰذَا الَّذِي كَرَّمْتَ عَلَيَّ لَئِنْ أَخَّرْتَنِ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ لَأَحْتَنِكَنَّ ذُرِّيَّتَهُ إِلَّا قَلِيلًا
Элира /иблисо/: 'Хьажахь! ХӀара ву Ахь суна тӀехь вазвинарг? Ахь со тӀаьхьататтахь къематде даллац‚ цуьнан зурриет тилор ма ду ас‚ цхьа кӀеззиг берш боцурш'
17:62 -
قَالَ اذْهَبْ فَمَنْ تَبِعَكَ مِنْهُمْ فَإِنَّ جَهَنَّمَ جَزَاؤُكُمْ جَزَاءً مَوْفُورًا
Цо (Дала) элира: 'ДӀадала! Царах хьуна тӀаьхьа милла хӀоттахь а,– баккъалла а, жоьжахати ю-кх шуна кхоччуш бекхам
17:63 -
وَاسْتَفْزِزْ مَنِ اسْتَطَعْتَ مِنْهُمْ بِصَوْتِكَ وَأَجْلِبْ عَلَيْهِمْ بِخَيْلِكَ وَرَجِلِكَ وَشَارِكْهُمْ فِي الْأَمْوَالِ وَالْأَوْلَادِ وَعِدْهُمْ ۚ وَمَا يَعِدُهُمُ الشَّيْطَانُ إِلَّا غُرُورًا
Кхерам таса царах хьайн ницкъ кхочучарна хьайн озаца‚ гулбе (тхеца) царна дуьхьал хьайн дошлой а‚ гӀашлой а‚ декъашхо хила цаьрца (церан) хьолехь а, доьзалшкахь а‚ ваӀда е царна!” ШайтӀано ваӀда ма ца йо царна (уьш) Ӏехабар бен
17:64 -
إِنَّ عِبَادِي لَيْسَ لَكَ عَلَيْهِمْ سُلْطَانٌ ۚ وَكَفَىٰ بِرَبِّكَ وَكِيلًا
'Баккъалла а, Сан /дог цна, тешаме болу/ леш, - царна тӀехь бакъо яц хьан'. Кхачаме ду хьан Кхиош-Кхобург (уьш шайтнах лашбарехь) векал хилар
17:65 -
رَبُّكُمُ الَّذِي يُزْجِي لَكُمُ الْفُلْكَ فِي الْبَحْرِ لِتَبْتَغُوا مِنْ فَضْلِهِ ۚ إِنَّهُ كَانَ بِكُمْ رَحِيمًا
Шун Кхиош-Кхобург ву шуна хӀорда чухула кеманаш лелош верг шуьга лехийта Шен комаьршаллах (рицкъ) Баккъалла а, Иза хилла шуна къинхетаме
17:66 -
وَإِذَا مَسَّكُمُ الضُّرُّ فِي الْبَحْرِ ضَلَّ مَنْ تَدْعُونَ إِلَّا إِيَّاهُ ۖ فَلَمَّا نَجَّاكُمْ إِلَى الْبَرِّ أَعْرَضْتُمْ ۚ وَكَانَ الْإِنْسَانُ كَفُورًا
Шух зен-зулам ттаделча хӀорда чохь‚ дӀа ма туьлий и, аш Иза воцчуьнга, шайга кхойкхуш берш. ТӀаккха Цо шаьш кӀелхьардаьхча аренна тӀе – шу духадевли. Баккъалла а, адам хили баркалле доцуш
17:67 -
أَفَأَمِنْتُمْ أَنْ يَخْسِفَ بِكُمْ جَانِبَ الْبَرِّ أَوْ يُرْسِلَ عَلَيْكُمْ حَاصِبًا ثُمَّ لَا تَجِدُوا لَكُمْ وَكِيلًا
Шу тешна хили-те Цо шу аренан цхьана декъана бухадохуьтург цахиларх я Цо шуна тӀе дарц хьовзор цахиларх? ТӀаккха шуна карор ма вац шайна векал
17:68 -
أَمْ أَمِنْتُمْ أَنْ يُعِيدَكُمْ فِيهِ تَارَةً أُخْرَىٰ فَيُرْسِلَ عَلَيْكُمْ قَاصِفًا مِنَ الرِّيحِ فَيُغْرِقَكُمْ بِمَا كَفَرْتُمْ ۙ ثُمَّ لَا تَجِدُوا لَكُمْ عَلَيْنَا بِهِ تَبِيعًا
Я шу тешна дара-те Цо шу цунна (хӀорда) чу /цкъа шун доӀа бахьанехь Оха арадаьхначул тӀаьхьа/ юха а дерзориг цахиларх, тӀаккха шуна тӀе механ дарц хьавзийна, цо шу хи буха дохуьйтур долуш, шу ца тешаш хиларна? ТӀаккха шуна карор вац шайна Тхуна тӀехь цуьнца / бекхам эца/ тӀаьхьаваьлларг
17:69 -
وَلَقَدْ كَرَّمْنَا بَنِي آدَمَ وَحَمَلْنَاهُمْ فِي الْبَرِّ وَالْبَحْرِ وَرَزَقْنَاهُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ وَفَضَّلْنَاهُمْ عَلَىٰ كَثِيرٍ مِمَّنْ خَلَقْنَا تَفْضِيلًا
Оха сийдина (леерам бина) Āдаман кӀентех‚ Оха лелийна уьш аренца а‚ хӀорда чухула а‚ рицкъ делла царна цӀенчух‚ Оха базбина уьш Тхаьш кхоьллинчу /халкъех/ дуккхачарах базбарца
17:70
Гочдар: Магомед Магомедов