Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 66 – 70

  1. رَبُّكُمُ الَّذِي يُزْجِي لَكُمُ الْفُلْكَ فِي الْبَحْرِ لِتَبْتَغُوا مِنْ فَضْلِهِ ۚ إِنَّهُ كَانَ بِكُمْ رَحِيمًا

    Шун Кхиош-Кхобург ву шуна хӀорда чухула кеманаш лелош верг шуьга лехийта Шен комаьршаллах (рицкъ) Баккъалла а, Иза хилла шуна къинхетаме

    17:66
  2. وَإِذَا مَسَّكُمُ الضُّرُّ فِي الْبَحْرِ ضَلَّ مَنْ تَدْعُونَ إِلَّا إِيَّاهُ ۖ فَلَمَّا نَجَّاكُمْ إِلَى الْبَرِّ أَعْرَضْتُمْ ۚ وَكَانَ الْإِنْسَانُ كَفُورًا

    Шух зен-зулам ттаделча хӀорда чохь‚ дӀа ма туьлий и, аш Иза воцчуьнга, шайга кхойкхуш берш. ТӀаккха Цо шаьш кӀелхьардаьхча аренна тӀе – шу духадевли. Баккъалла а, адам хили баркалле доцуш

    17:67
  3. أَفَأَمِنْتُمْ أَنْ يَخْسِفَ بِكُمْ جَانِبَ الْبَرِّ أَوْ يُرْسِلَ عَلَيْكُمْ حَاصِبًا ثُمَّ لَا تَجِدُوا لَكُمْ وَكِيلًا

    Шу тешна хили-те Цо шу аренан цхьана декъана бухадохуьтург цахиларх я Цо шуна тӀе дарц хьовзор цахиларх? ТӀаккха шуна карор ма вац шайна векал

    17:68
  4. أَمْ أَمِنْتُمْ أَنْ يُعِيدَكُمْ فِيهِ تَارَةً أُخْرَىٰ فَيُرْسِلَ عَلَيْكُمْ قَاصِفًا مِنَ الرِّيحِ فَيُغْرِقَكُمْ بِمَا كَفَرْتُمْ ۙ ثُمَّ لَا تَجِدُوا لَكُمْ عَلَيْنَا بِهِ تَبِيعًا

    Я шу тешна дара-те Цо шу цунна (хӀорда) чу /цкъа шун доӀа бахьанехь Оха арадаьхначул тӀаьхьа/ юха а дерзориг цахиларх, тӀаккха шуна тӀе механ дарц хьавзийна, цо шу хи буха дохуьйтур долуш, шу ца тешаш хиларна? ТӀаккха шуна карор вац шайна Тхуна тӀехь цуьнца / бекхам эца/ тӀаьхьаваьлларг

    17:69
  5. وَلَقَدْ كَرَّمْنَا بَنِي آدَمَ وَحَمَلْنَاهُمْ فِي الْبَرِّ وَالْبَحْرِ وَرَزَقْنَاهُمْ مِنَ الطَّيِّبَاتِ وَفَضَّلْنَاهُمْ عَلَىٰ كَثِيرٍ مِمَّنْ خَلَقْنَا تَفْضِيلًا

    Оха сийдина (леерам бина) Āдаман кӀентех‚ Оха лелийна уьш аренца а‚ хӀорда чухула а‚ рицкъ делла царна цӀенчух‚ Оха базбина уьш Тхаьш кхоьллинчу /халкъех/ дуккхачарах базбарца

    17:70

Гочдар: Магомед Магомедов