Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 71 – 77

  1. يَوْمَ نَدْعُو كُلَّ أُنَاسٍ بِإِمَامِهِمْ ۖ فَمَنْ أُوتِيَ كِتَابَهُ بِيَمِينِهِ فَأُولَٰئِكَ يَقْرَءُونَ كِتَابَهُمْ وَلَا يُظْلَمُونَ فَتِيلًا

    Оцу /къемат/дийнахь Оха кхойкхур ду дерриге а адамашка шайн имамаца. Шен жайна шен аьтту куьйга делларг милла велахь а и, цара шайн жайна доьшур ма ду‚ царна цуьрриг зулам дийр ма дац

    17:71
  2. وَمَنْ كَانَ فِي هَٰذِهِ أَعْمَىٰ فَهُوَ فِي الْآخِرَةِ أَعْمَىٰ وَأَضَلُّ سَبِيلًا

    Кхузахь бӀаьрса доцуш милла хиллехь а, – иза эхартахь а бӀаьрса доцуш хир ву‚ некъаца уггар тилавелларг а ву

    17:72
  3. وَإِنْ كَادُوا لَيَفْتِنُونَكَ عَنِ الَّذِي أَوْحَيْنَا إِلَيْكَ لِتَفْتَرِيَ عَلَيْنَا غَيْرَهُ ۖ وَإِذًا لَاتَّخَذُوكَ خَلِيلًا

    Уьш герга хилира Оха хьоьга ваьхьица доссийначух хьо дӀатилаван хьоьга Тхуна тӀехь кхидерг кхоллийта. ТӀаккха хьо доттагӀ лаьцна хир ма вара цара!

    17:73
  4. وَلَوْلَا أَنْ ثَبَّتْنَاكَ لَقَدْ كِدْتَ تَرْكَنُ إِلَيْهِمْ شَيْئًا قَلِيلًا

    Оха хьо (бакъдолчунна тхь) ца сацийнехьара‚ хьо герга вара жимма царна тӀетовжа

    17:74
  5. إِذًا لَأَذَقْنَاكَ ضِعْفَ الْحَيَاةِ وَضِعْفَ الْمَمَاتِ ثُمَّ لَا تَجِدُ لَكَ عَلَيْنَا نَصِيرًا

    ТӀаккха /хьо мушрикашна цхьа жимма а гергавахана хиллехь/ Оха хьоьга /Ӏазап/ Ӏовшийтина хир дара шозза дахарехь а‚ шозза валарехь а‚ тӀаккха хьуна Тхуна дуьхьал гӀоьнча карор ма вацара

    17:75
  6. وَإِنْ كَادُوا لَيَسْتَفِزُّونَكَ مِنَ الْأَرْضِ لِيُخْرِجُوكَ مِنْهَا ۖ وَإِذًا لَا يَلْبَثُونَ خِلَافَكَ إِلَّا قَلِيلًا

    Уьш герга бара хьо оцу лаьттара (Маккара) херван‚ хьо цу чуьра (Маккара) араваккхархьама. ТӀаккха хьол тӀаьхьа уьш кӀеззиг бен йр ма бацара (Дала Ӏазап дийр дара царна)

    17:76
  7. سُنَّةَ مَنْ قَدْ أَرْسَلْنَا قَبْلَكَ مِنْ رُسُلِنَا ۖ وَلَا تَجِدُ لِسُنَّتِنَا تَحْوِيلًا

    Оха хьол хьалха бахкийтинчу Тхан элчанийн Ӏедалехь ду иза. Хьуна карор ма дац Тхан Ӏедалан хийцдалар

    17:77

Гочдар: Магомед Магомедов