Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 78 – 84

  1. أَقِمِ الصَّلَاةَ لِدُلُوكِ الشَّمْسِ إِلَىٰ غَسَقِ اللَّيْلِ وَقُرْآنَ الْفَجْرِ ۖ إِنَّ قُرْآنَ الْفَجْرِ كَانَ مَشْهُودًا

    Ахь ламаз хӀоттаде малх дӀакерчачу хенера буьйсанан бодане кхаччалц‚ сатасаран Къуръан а деша (Ӏуьйре-ламаз де). Баккъалла а, сатасаран Къуръан хилла шена тешаллаш долуш

    17:78
  2. وَمِنَ اللَّيْلِ فَتَهَجَّدْ بِهِ نَافِلَةً لَكَ عَسَىٰ أَنْ يَبْعَثَكَ رَبُّكَ مَقَامًا مَحْمُودًا

    Буьйсанах а (цхьана декъехь) ахь къахьега айхьа цуьнца (Къуръан дешарца) совнаха ламазашкахь – хьан Кхиош-кхобучо хьо вахийта тарло хастаме меттиге

    17:79
  3. وَقُلْ رَبِّ أَدْخِلْنِي مُدْخَلَ صِدْقٍ وَأَخْرِجْنِي مُخْرَجَ صِدْقٍ وَاجْعَلْ لِي مِنْ لَدُنْكَ سُلْطَانًا نَصِيرًا

    Ахь āла: 'Сан Кхиош-Кхобург! Сан чугйла хилийталахь бакъдолчун а, сийлаллин а нерехула, сан араволийла а хилийталахь бакъдолчун а, сийлаллин а нерехула. Хилийталахь суна гӀоьнна Хьайгара бакъо а, ницкъ а (Хьан мостагх со ларвеш, Хьан дин даздеш)'

    17:80
  4. وَقُلْ جَاءَ الْحَقُّ وَزَهَقَ الْبَاطِلُ ۚ إِنَّ الْبَاطِلَ كَانَ زَهُوقًا

    Ахь āла: 'Бакъдерг деана‚ харцдерг ддаьлла. Баккъалла а, харцдерг ддала дезаш хилла'

    17:81
  5. وَنُنَزِّلُ مِنَ الْقُرْآنِ مَا هُوَ شِفَاءٌ وَرَحْمَةٌ لِلْمُؤْمِنِينَ ۙ وَلَا يَزِيدُ الظَّالِمِينَ إِلَّا خَسَارًا

    Оха доссадо Къуръан чуьра (аяташ) муъмин нахана /дегнашна а, догашна а) дарба дерг а‚ къинхетам берг а. Зуламхошна – цо дараш (зен) бен сов ца доху

    17:82
  6. وَإِذَا أَنْعَمْنَا عَلَى الْإِنْسَانِ أَعْرَضَ وَنَأَىٰ بِجَانِبِهِ ۖ وَإِذَا مَسَّهُ الشَّرُّ كَانَ يَئُوسًا

    Оха адамна ниӀмат делча, – и юхаволу‚ генаволу / Тхуна бадат дарх/‚ ша бохамо схьалаьцча, и хуьлу /Делан къинхетамах/ догдиллина

    17:83
  7. قُلْ كُلٌّ يَعْمَلُ عَلَىٰ شَاكِلَتِهِ فَرَبُّكُمْ أَعْلَمُ بِمَنْ هُوَ أَهْدَىٰ سَبِيلًا

    Ахь āла: 'Массо а ву Ӏамал еш шен-шен кепара'. Шун Кхиош-Кхобург дико хууш ву новкъаца /массарал/ нисвелларг милла велахь а

    17:84

Гочдар: Магомед Магомедов